ТIекхочийла долу линкаш

ДуьнентIера массо а нохчий цхьаьнакхетахь...


Малхбалерчу а, Малхбузерчу а Нлхчийн Къанойн Кхеташо, Бруссель, 10Мар2014

Малхбалерчу а, Малхбузерчу а Нлхчийн Къанойн Кхеташо, Бруссель, 10Мар2014

Европерчу нохчийн жигараллица кхоллаелла Нохчийнчоьнал арахьа бехачу вайнехан Къанойн Кхеташо. Маршо Радионо интервью ийцира оцу юкъараллан хьалханчера яздархочуьнгара Хачукаев Сайд-Мохьмадера.

Жима а, йоккха а, цхьа а пачхьалкх яц Европехь вайнах боцуш: Португалера - Польше, Исландера Туркойчу кхаччалц. Кеста 15 шо а кхочу мухIажирийн тобанаш вовшахкхетта. Уггаре дукха нохчий дIагулбеллачу Австрера терахь ду 33 эзар стаг. Цу бараме кхочуш-ца кхочуш бу уьш Францехь, Германехь, Польшехь. 10-15 эзарнаш гергга бу Норвегехь, Швецехь, Голландехь, Ингалсехь, Туркойчохь.

Амма цхьа юкъара лазам беха массаьргахь а, яц церан ма-оьшшу вовшийн доладан юкъарлонаш. Цхьа а байракх а, дегнаш чохь боцург, я даймохк а боцу тобанаш ю шаьш-шайна ехаш. Изза хьал ду Iамеркахь а – Штаташкахь, Канадехь.

Ханна тIаьхьа делахь а, хIинца и хьал дикачу хорша даккха ойла кхоллаелла вайнехан. Германерчу, Австрерчу, Урдунерчу, Туркойчуьрчу, Оьрсийчуьрчу, Белгерчу, Францерчу нохчийн жигархойн лаамца вовшахкхетта дозанал арахьарчу нохчийн Къанойн Кхеташо.

Цуьнан коьрте хIоттийна яздархо, журналист, цхьана заманахь Нохчийчохь театрал хилла волу Австрера вахархо Хачукаев Сайд-Мохьмад.

Цуьнан гIоьнца йовзуьйту Маршо Радионо кхеташо а, цо шена юхьараэцна Iалашонаш а.

Дозанал арахьарчу нохчийн Къанойн Кхеташо хIинц-хIинца бен яц шен болх болош. Цуьнан куьйгалхочо Хачукаев Сайд-Мохьмада а, Маршо Радиоца зIенехь болчу цуьнан кхечу декъашхоша а сатуьйсу дерриг а нохчийн къомо шен балхана аьтто беш, шега лерг диллина, ша тергоне оьцуш хиларе.

Кхеташ ду, иттанне а, я бIене а доладалур дац махках боьхначу нехан, оцу нехан шайн гергарлонашка баха, цхьана берте кхача, вовшийн тергонехь хила, юкъахь шайн дахар тодан лаам ца ца гIаттахь. И лаам гIаттаре сатуьйсу дуккхаъчара. Ткъа хьал иштта лаьтташ хилча, кхочуш ца хуьлийла дац юьхьаралаьцна Iалашо а.

Къанойн Кхеташо а санна, арахьарчу нохчийн кегийрхойн юкъарлонаш а ю Европехь а, Iамеркахь а кхоллалуш. Маршо Радионо рогIерчу шен программашкахь йовзуьйтур ю шуна уьш а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG