ТIекхочийла долу линкаш

80 шо кхаьчна Ришар Пьеран


80 шо кхаьчна вевзаш волчу Францера актеран Ришар Пьеран. Цо бинчу хаамца, ша вина де даздан дагахь ву иза шен хIусамехь, шен гергара нах а, доттагIий а кхайкхина. Ришар дуьненчу ваьлла 1934-чу шарахь. Цуьнан да хилла кIадеш дечу фабрикин долахо.

Жима Ришар кхиийна аристократ волчу цуьнан дедас Францин Къилбаседехь. ТIаьхьо Парижехь дешна цо актеран дешар. Цуьнан да-нана дуьхьал хилла Ришара хаьржинчу некъана.

Депардьё Жерара хьехар а дина, Францин Къилбехь кемсийн аре а эцна, чагIар а духкуш ваха хиина ву кху дуьнентIехь дуккха а нахана везаш волу актер Ришар Пьер.

XS
SM
MD
LG