ТIекхочийла долу линкаш

Керлачу премьерана гlортор ян дагахь бу Иракъера сунниташ


Иракъехь керлачу премьер-министрна аль-Абади Айдарана гIортор ян сацам бина суннитийн тобанийн лидерша. Цхьацца билламаш кхочуш бахь, «Исламан пачхьакх» олучу организацин экстремисташца дIахьочу къийсамах дIакхета мегаа шаьш аьлла дIахьедар дина цара. А

нбар провинцера суннитийн боламан лоруш волчу куьйгалхочо Сулейман Хатем Iелас билгалдаьккхина, Аль-Абадица цхьаьнакъехьега кийча ву ша, нагахь Iедалша суннитийн бакъонашна ларам бахь аьлла.

Суннитийн диндайн векло аль-Хамдоон Мухьаммада хаам бина, Reuters агенталле, керлачу Iедале дIакховдо шайн луучуьнан цIейоза кечдеш ду шаьш аьлла. Хьалхо сунниташ дуьхьал бевллера хьалха премьер хиллачу аль-Малики Нурина, цо шайн бакъонашна эшам бо аьлла. Аль-Маликис Iедалан куьйгалхочуьнан дарж дитира ши-кхо де хьалха.

XS
SM
MD
LG