ТIекхочийла долу линкаш

Сеулехь хьехам бина Папас Франциска


Римера Папа Франциск ву Къилба Корейхь апосталан визит дIахьош. Шоьтан дийнахь цо месса дIаяьхьна Сеул гIалин юккъехь. Папас емал дира хьал долчу а, къечу а нахана юкъахь башхаллаш алсам йовлуш хилар. Цо кхайкхам бира гIийлачу нехан бала кхача беза таро йолучера аьлла.

Риман-католикийн Килсан куьйгалхочо зовкъе нахана юкъатуьйхира 124 Къилба Корейра католик. Къилба Корейхь вехаш ву 50 гергга миллион стаг. Царах хIора иттолгIа католик ву. Евроньюс-о бинчу хаамца, Сеулехь хиллачу церемонехь дакъалоцуш вара 800 эзар стаг.

XS
SM
MD
LG