ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIера гIала дlалаьцна Украинин эскарша


Украинин эскархоша шайн караэцна Донецк махкара Ждановка гIала. Цунах лаьцна шен Твиттерерчу микроблогехь хаам бина Украинин президенто Порошенко Петрос. Оццу хенахь сепаратисташ дийцина Интерфаксе, Ждановка а, Углегорск а гIанашна гонаха тIемаш деш ду шаьш аьлла. Шина а агIор дараш ду-дац хууш дац.

Украинин хаамин гIирсаш дийцарехь, Луганск махкахь сепаратисташ пайда оьцуш бу езачу бронетехниках. ТIематасадаларш ду дIадоьлхуш Луганскехь а, цунна уллехь йолчу меттигашкахь а. «Украинская правда» газето бинчу хаамца, Украинин тIеман министралло цига хьажийна керла тIеман дакъош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG