ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан кеманаш-м дац те Иракъехь тIемаш бийраш?


Мосулерчу гидростанцера Исламан Пачхьалкхан тIемалой юхатоьхна курдойн пешмарга-эскаро а, мехкан ницкъаша а, хаам бо Иракъан пачхьалкхан телевизионо. Оршотдийнахь эскарийн буьйранчас Атта Къасима даржийна, шайн ницкъашна кеманаша а гIодира аьлла.

Хаам толлийла дац йозуш йоцчу хьостанашкахула. Амма кIирандийнахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Барака дIахьединера, шен пачхьалкхо Мосулера гидростанци Исламан Пачхьалкхан тIемалойх мукъайоккху операци йолош ю аьлла. Ткъа Твиттерехь баьржинчу хаамаша чIагIдо, гидростанци хIинца а гIаттамхошкахь ю бохуш. Кхо шо юкъадоьллера Iамеркан ницкъаш Иракъерчу хьолана юкъагIортаза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG