ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн гуманитаран ковра Украине кхача тарло


Оьрсийчуьра Донбассе йоьдучу гуманитаран ковранна некъ схьабелла барт хилла Кремлан Киевца а, Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIараца а, дIахьедина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс.

Оршотдийнахь Берлинехь, Украинан, Германин, Францин дипломатийн дайшца къамелдеш бохура цо иза. КIира ду Оьрсийчоьно кхача а, молханаш а, бедарш а ю Луганске а, Донецке а кхачо араяьхна аьлла, Украинан дозане кхаьчна машенийн ковра сацийна латтаен. НАТО-на а, Украинан Iедална а хетарехь, гуманитаран гIо ду а бохуш, Донбассерчу сепаратисташна тIеман гIирс дIакхачон гIерта Оьрсийчоь.

Дуьненаюкъара ЦIен ЖIара реза хилла, оьрсийн эскархой юьстах а буьтуш, сепаратисташа шайна аьтто бахь, оцу ковранера кир Донбассе дIакхачон. Украинехь тIом сацор кхочуш хуьлу аьлла, шен дIахьедойла дац, бохура Берлинехь Лавровс.

XS
SM
MD
LG