ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарошца зарратан хьокъехь барт хила а мега


ТехIеран кийча яц муьлхха а мах зарратан программа сацорца доьзна охьабилла, аьлла дIакхайкхийна зарратан герз ца даржорах йолу кхеташо йоьрзуш ГIажарийчоьно. «Нагахь санна дуьхьаллаьттачу агIоно дика лаам шегара гайтахь, вайн барт хир бу», элира оршотдийнахь ИСНА-агенталле зарратца долу дийцарш ГIажарийчоьнан цIарх дIахьочу Тахк-Раванчи Маджида.

Дуьненаюкъарчу зарратан агенталлан куьйгалхочо Амано Юкияс бахарехь, ТехIерано гойту ша бартбан билггал реза юйла. Цо бахарехь, ГIажарийчоьно карара бутт бале некъ боьллур бу махкахь зарратах пайдаоьцу меттигаш йовза. Амано Юкия цхьанакхийтира кIирандийнахь гIажаройн президентца РохIани Хьасанца а, кхечу куьйгалхошца а.

XS
SM
MD
LG