ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берашна дIаьвше кхача бохкарна


Соьлж-ГIалахь мерза хIуманаш ечу меттехь дIаьвше кхача кечбарна оцу метиган куьйгалхочунна дуьхьал бехк-такхаман дов гIаттийна Нохчийчоьнан Талламан комитето. «Зезаг» цIе йолчу берийн бешахь 13 беранна лазар кхийтира ши бутт хьалха. Цо берийн цхьана нанна йоьхкина мерзолгаш стафилокок кхетта хилла, чIагIдо бинчу талламо. Ткъа бешарчу беран нанас шен беран динаде даздайта еъна хилла уьш беша

. ДIаьвше кхача арахецарна а, бохкарна а бехкеечу бизнесхочунна набахтехь яккха ши шо хан, я 300 эзар сом гIуда тоха тарло кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG