ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий Украинерчу тIамехь бац бохург бакъ дац


Украина -- Донецкехь тIамна кечвелла Iа сепаратистех волу тIемало, 6Сти2014
Украина -- Донецкехь тIамна кечвелла Iа сепаратистех волу тIемало, 6Сти2014

Деношкахь Кадыров Рамзан зорбанехь къера хилла Нохчийчуьра кегийрхой Украинехь бу бохучу информацина. Амма и нах ша ца хьовсийна боху цо. Дуккхаъ а хьостанаша чIагIдарехь, Донбассехь кхелхина дуккха а нохчий. Царех тезеташ а хIиттадо децIахь. Делахь а, дерриг къайленехь лаьтта Iедалан лаамца.

«Украинехь вайнехан кIентий иттаннашкахь карабахна бохург хаамийн гIирсийн рогIера пуьташ бу. Цигахь нохчийн белахь а суна цкъа а хезна дац нохчий йийсаре бахна бохуш. Цхьаъ каравахна-м хила тарло, амма иза нохчо вац. Толам я Iожалла, кхин хуьлийла а дац. Цигахь тIом беш берш доьналлица чекхбовлуш бу. Суна иза билггал хаьа. Украинан хаамийн гIирсаша гIардоккхуш дерг дерриг нохчийн къомана а эхье хIума ду». Цу кеппара дIахьедар хааме даьккхина мехкан куьйгалхочо Украинерчу хиламийн хьокъехь.

Украинехь нохчий иттаннашкахь бала-м муххале а ца белла бохург мел бакъ делахь а, дацахь а дика хаьа цигахь долчу шайн берашка ладоьгIуш Iачу дай-наношна а, юххера гергарчарна а. Тахана Нохчийчохь, вон-дика хилла я кхечу бахьаненна, адам вовшах мел кхеттачохь, кар-кара а оьцуш, дийцаре деш дерг ду Украинан тIам тIехь юх-юха а вайнехан бераш хьежор а, цу шайн боцчу тIам тIехь нохчийн кIентий байар а. Шен юххера накъост, полисхо, Украинехь волу ши кIира гергга хан ю бохуш дийцира Салавди цIе йолчу вахарчо. Цо дийцарехь нохчийн кIентий кху сохьта а цига дIахьежош бу.

Салавди: «Лакхарчара хIуъу а дийцахь Украине тахна а дIахьежош бу. Пуьташ стенна буьтту-м ца хаьа суна. Велла цIа валийна стагга-м вац тхан юьртара, кхечанхьара-м бу. Маканан кIотара а бу, гIалара кхин а дукха бу, Щелковск кIоштера а бу… Ахчанна оьху хир букх, я тIеман министараллехь хила беза уьш. Цигахь уьш хилча а гIазкхийн Iедало шаьш цига стагга а вахийтина вац мА боху. Нахана хууш мА ду и бакъ доций. Шен керта вон деанчарна муххале а хаьа».

Официало гIардоккхуш хIума а доцуш, чекхбаьллачу тов бецан баттахь кхузахь шуьйра дийцаре дина Гуьмс а. Шелан, Хьалха-Мартанан - кхаа кIошташкара дукха кегий нах байина Украинехь бохуш. Кху тIаьхьарчу иттех дийнахь дижа туьгуш дац Соьлжа-гIалин, Старопромысал, Теркйист кIошташкара Украинан Донецк кIоштехь вийнарг а. лазийнарг ткех сов жима стаг ву бохург.

Украинехь байинчу кIентех дуьйцург,билггал бакъ хилар тIечIагIдо цхьадолчу тезеташкахь хиллачу, беллачийн юххера а, генара а гергарчара а. Царех ву Соьлжа-гIалин кIоштера Висани.

Висани: «ДIабуьгуш Ростов кIоштехь караулехь хир бу аьлла бигна. Цара цигара Украине дехьа кхиссина. Цигахь дIакъевлина Урал машена тIехь дIабуьгуш уьш а болуш «Град» ракеташ тоьхна байина. Байар стенна дуьйцу схьалахьо хIума а доцуш багийна. Ишта Ташкалахь хIоьттина цхьа тезет. Галнера а. Дойкар эвлара а, Аьчиган хи тIера а –верриге а Теркаца йолчу ярташкара ву боху масех. Луьра чевнаш йина цхьаберш Ростов гIалин лазарнехь бу. Со тезетахь хиллачеран хIинца шолгIа ваша ву-кх вийнарг».

Нохчийчуьра хьовсийна ницкъаллин структурийн белхой, официалан бакъ ца дахь а. Украинехь байина хилар а, церан Iожалла могIарерчу наха цхьабосса кхетош цахилар а гучудолу бахархойн къемелашка ладоьгIча.Старопромысал кIоштерна Лоьмас элира.

Лоьма: « Украинехь вийна, суна хууш цхьаъ. Цуьнца кхин а хиллачух тера а ду. муха нисделла ала хаац суна. Цхьаъ вийни-м хаьа суна билггал. Йоьлхуш бIаьрза хьийзаш нана а гина».

Ваид: «ЦIахь болчаьрга аьлла а ца хилла мича буьгуш бу. Къайле йина хилла. Шаьш билггал тIаме дуьгий хиъча, цхьамма цIа зIе а тоьхна, аьлла хилла бакъдерг. И кIант веллачарна тIаккхий бен хиъна а дац шайн кIант тIамтIехь вуй. И хиъна дукха хан ялале валар нисделла цуьнан»

Хаваж: «Дала могуш-маьрша юхаберза пурба ма лойла бах-кх хIара къам бехдеш лелаш болчу. ТIаме баханчарна а, зуламна баханчарна а, къола дан баханчарна а бах-кх»

Украинехь нохчий байина хилар дуьйцуш зударша а, божаршша а билгалдоккху тезет хIотто маьрша цахилар а, лахьо хIума доцуш, дукхахберш багийна байина хилар а. Хеда цIе йолчу яхархочо дуьйцу.

Хеда: «Цхьаъ ву тхан юьртара. И лазийна висна. Герз тIетоьхча иза аракхоьссина машен чуьра. Ишта дийна виснарг виъ ву боху. вуьйш лахьо хIума а доцуш байина . Цхьаболчара тезет дIахIоттайора, юха дIаяккха олий дIайоккхура. КIотарахь Iуьйранна тезет дIа хIоттийна делкъана дIаяьккхинера. Ишта хьере а хилла Iаш бар-кх нах. Iедало телпо чухула а мА хьехаде боху кIентий балар. Украинера схьа дийна бисинчара зIе тоххехь а дакъа ца гича цхьаберш а тешаш а бац шайн кIентий дийна цахиларх.»

Украинехь байинчу нохчийн кIентех мелла а шуьйра дийцира соьлжагIалахочо Марета. Соьлжа-гIалахь,Турбина олучу меттехь тезетахь хилла ю цо дийцарехь иза а.

Марет: «Итт вийна боху, ялх лазийна. Урал машен тIехь хилла. Цигара схьа дийна бисинчара зIе тоьхча, хиъна бакъдерг. Iедало-м олуш хIумма а дац. ХIинцца дукха хан йоццуш кхин а бахийтина боху нохчийн кIентий Украине. Билггал ала-м хаац.»

Соьца къамеле бевллачара мукIарло мА-дарра, тахана махкахь коьртах баьккхина балхош берг Украинан тIом бу. Уьш цигахь хеназа баларца доьзна цхьаболчара чIагIдо оьрсашна хьалхара балийта хьежош бу цига нохчий, кхечу гIуллакхна хьежош бац бохуш.

Кхечара билгалдоккху Кремалан аьллар кхочуш дан, Оьрсийчоьнан куьйгалхой резабан, баларш хьесапе а ца оьцуш, дIахьежабо вайнехан кIентий тIеман кIуркIамане бохуш. Ницкъаллин структурашкахь балхахь хилча шаьш хьовсийначу метте дIабахар царна тIехь ду бохурш а бу. махкахь болх-некъ цахиларна ахчанна оьху Украине нохчийн кIентий .

Ишта хьажам берш а бац кIезиг. Мухха делахь а, хIара хIокхуьнан ю-кх аьлла, лаьтте ерзо меже йоцуш, цу хьокъехь официалан хааме доккхуш хIума доцуш, Нохчийн дуккха а кIентий дIакхелхина Украинехь. Къаьсттина нахана тIеIаткъам бийриг и ду, гуш дакъа а доцуш, тхан стаг велла-кх аьлла, кхетамехь и ойла чIагI а елла, гергарчу стеган Iожалла кхетор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG