ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенна яьржина нохчашлахь къизалла?


Къизалла, коллаж
Къизалла, коллаж

Нохчийчохь цхьа зама яра цхьаммо кхин вийна олий наггахь а ца хезаш, ткъа ишттаниг нисделча, цунах лоций, куьгбехкениг емалвеш, хабарш даьржара юьртара юьрта. ХIинца цхьа а нохчо цец ца волу шен махкахой бехк-гунахь а доцуш бойъуш хиларх. Дуккха а адамийн леларехь къизалла чIагIъелла го махкахошна.

Нохчийчохь цхьа зама яра цхьаммо кхин вийна олий наггахь а ца хезаш, ткъа ишттаниг нисделча, цунах лоций, куьгбехкениг емал веш, хабарш даьржара юьртара юьрта. ХIинца цхьа а нохчо цец ца волу шен махкахой бехк-гунахь а доцуш бойъуш хиларх. Дуккха а адамийн леларехь къизалла чIагIъелла го махкахошна.

Цуьнца дузу Маршо Радионо шен кху кIиранан хаттар. Шуна муха хета, стенца дозу къизалла нохчийн дахарехь чIагIъялар? ХIун дан догIу Iедало, шаьш бахархоша оцу сакхтах мукъабовла?

Хетарг ала луучунна тхайн телефонаш йовзуьйту оха. Прагехь:

+42, 07 24 01 98 32. Боцца горгали баийтинчул тIаьхьа тхаьш зIене а девр ду тхо.


СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 92 62 36 04 65.

XS
SM
MD
LG