ТIекхочийла долу линкаш

Къизалло лаьцна Нохчийчоь


ЖIаьлеш лоьтуьйтуш ду Нохчийчохь, 2013 шо

ЖIаьлеш лоьтуьйтуш ду Нохчийчохь, 2013 шо

ТIаьххьарчу беттанашкахь дуккха а адамашкара къизалла гойтуш масалш даьржина Нохчийчохь. Нахана стаг вер доккха хIума а доцуш санна хетало кхузаманахь. Стенна шагделла адам? Муха, хIун дича юхадоьрзур ду адам шайн дайша дитинчу дитинчу гIиллакх-оьздангалле?

ТIемаша йитина лар ю тахана нохчашлахь яьржина лела къизалла Дуккха а къизалла, харцонаш, тIемаш лайначу къаьмнийн дахарехь, уьш аттачу хьоле девлча а, бехха лаьтта халонийн мур. Адамийн кхетам а галбоккху лайначу халонаша. Иза дика хаьа психологашна а, нехан дахар зуьйчу кхечу Iилманчашна а. ...Делахь а, Iаткъаме ду тIемаш бирзича адамийн дегнашкахь, кхетамехь йисина гIир ган, ког баькх-баьккхинчохь ган а, лан а. Ойла кхоллало: вайн дай-нанойх ца хиллий иштта, хIунда ду-те вай сел къиза, олий.

Вашас йишина тIе куьйг айдо, кIанта - дена-нанна, цIийнадас зудчанна, зудчо – берана. Массане ду уьш охьадагардан.

ТIаьххьарчу шерашкахь Нохчийчохь къинхетам, адамалла боху кхетамаш де дийне мел долу юкъара херлуш хетало гондхьа ладоьгIча.

ТIехьа-Мартанарчу вахархочо къизаллица шен йиша йийна. Куьршалан кIоштарчу Цоцин-Юьртахь I0 шо долу жима йоI къиза йийна карийна. Закан-Юьртахь дукха хан йоццуш вашас йиша йийна. 22 шо долчу Жимчу АтагIарчу яхархочо Шабиханова Маккас шен шина мераберана тIехь латтийна къематде. Соьлжа-ГIалахь хIинца а дижаза ду инзаре сурт: дестечо лечу хьоле яллалц йиттина Юсупова Мархина... Дукха ду иштанаш Нохчийчохь.

И тайпа масалш далийра Маршо Радиоца къамел динчу Закин-юьртарчу Хьалимата.

Хьалимат: «Ойла йича, ирча хIума ду-кхи нахана тIехIуьттуш дерш. Хьуна чохь санна, лулахь а нислуш, хьо тезеташка а оьхуш. ХIун дара тахана, хIун лелий ахь, аьлча, сан кIанта: «ХIуммаъ дацара», олу. Вониг а ниделла хир ду, диканиг дечу хенахь тIенисвелла а хир ву иза. Хьан бIаьргашна и ган а гуш, хьо хьожуш хуьлуш санна дац нана чохь хилча. Нана чохь хила езара аьлла хетара суна, и нана аьтту болуш елахь цхьанне а агIор, оцу шен бераца чохь Iан. И бераш кегий долчу хенахь шен ма-хуьллу и беранна синан кхача а латтош, яахIума дас латтор яра, юххехь Iийча, аьтту болчо а латтор яра».

Муьлххачу а къоман кхане тахана хьалакхуьучу тIаьхьенах йозу. Цундела оьшу, кханенаш а ца йохкуш, тахханехь хIоранна а шен доьзал цIена-боьха, хьанал-хьарам, къизалла- къинхетам хIун ю а хоуьйтуш кхион. Олуш дайн кица ду: «Жимчохь Iамийнарг тIулгатIе яздина йоза ду». Ткъа мила ву-те цу гIуллакхана жоьпаллехь?

Цунах лаьцна иштта хета Iалхан-юьртарчу Майрбекана.

Майрбек: «Дала аьлла ду-кх, и бер массо а дега а, нене а лелон делла ду ша аьлла. Уьш кхиадан, царна кхетам бала а, баккхий хиллалц. И бер дуьненчу долу, шайн чохь долу хIума го. Масала, нана оьгIаз оьхуш елахь, езаеш елахь я вовшийн девне белахь, тохар нислахь…

Къизалла оцу берашна го. Бер кхуьуш мел ду, къизалла цунна гуш хуьлу, цо шена гинарг дерриг схьаоьцу, «информаци» эр ду-кх вай, шена схьагулйо. Масала, ша санна долчу берашна юккъехь, и бераш ловзучу хенахь хьаьжча, гуш хуьлу-кх хьуна, жимма а ша реза воцуш хилахь, тIара тухий я мира тухий, кхин къизалла хир йоцчу агIор вовшашлахь а гучуйолу цу берийн. Шайна гинарг, дас-нанас схьаделларг масал а оьцуш.

Дешарца а, Iаморца а, ламаз, къорIан, и усулба динехь долу хIума ца Iамош, игротекаш хуьлу, компьтерш хуьлу, цу чохь къизалла го, тIаккха кхуьууууш и бер цу хIумнаштIехь хьалакхуьу. Жоьпаллехь да-нана хуьлу-кх! Къахьегарна мало еш хуьлий, нагахь санна, дас-нанас болх байта безара. Болх бан безар-кха стага, жима долуш дуьйна бере а бойтуш. Цхьа хIума Iамон дезара».

Нохчийн яздархочо-прозаика Бексултанов Мусас ма-аллара: «Къинхетаммий, адамаллий, динца болу лераммий хIинца хабарехьа бирзина, дагчуьра дIа а баьлла. Безамах –йохка-эцар хилла, доттагIаллах – мотт-эладита, тешамах – тешнабехк хилла».

Стенна яьржина нохчашлахь къизалла, хIунда дац таханлера адам дай, дедай, наной, ненананой санна къинхетаме, вовшех доглозуш , вовшашца уьш санна лараме.

Оцу сингаттамечу хеттаршна жоьпаш Веданахь вехачу яздархочунна Хасаров ШаIранина иштта карадо. Иза а ву замана къизалла шен дагах чекхйохуш вехаш- эскарша виггарха тIепаза вайна цуьнан воI.

Поэт Хасаров ШаIрани,17Мар2014

Поэт Хасаров ШаIрани,17Мар2014

Хасаров: «Къизалла чIагIъяларан бахьана хIун ду аьлча, ши тIом лайна наха, дуккха а адамаш леш гина, къелла тIехIоьттина, оцу балех халла хьалхадевлла, хIинца а вовшашна юкъахь болу лерам чIагIъбелла баланза бу. ЧIогIа адамийн сагатде хIума ду и! Цкъа а хьалха ишта къиза хIуманаш лелийна дацара, вовшех къинхетам болуш дара адам, амма хIинца и гIиллакхаш юхаметта ца хIиттадахь, чIогIа хала ду. Мотт тухуш хуьлу, кхиберш а хуьлу, вовшийн гамонна а хIуъа а дийр долуш.

​Дуьненан даьхнашна тIехьабевллачу наха цкъа а халкъан хIума дIадохуьйтар дац. Ша дIахIоттийначо гергарнаш дIабуьгу, тIаккха дIахьаьжна а валале, и нах баха хевшина хуьлу. Хьалха ма хиллара, ша ма-дарра халкъ дуьсу, гIийла дIалаьтташ. Бан белхаш а бац. Халла нислуш волчу балхахь башха догIуш ахча а дац, и дерг тоан а ца тоьа. Денна тIедетташ мехаш ду, цIеххьана а доцуш, жим-жима кхеташ 10-20-зза мехаш тIекхета. Цхьаммо а цунах лаьцна олуш хIума а дац . Ваха хала хиларо къизалла алсам йоккху аьлла хета-кх суна».

Хилларш-лелларг, селхана лаьттина тIемаш бехке а беш, юьсийла дац нохчийн дахаран хатI а хилла къизалла....Хууш ма-хиллара, дарц-догIа дирзича, жил-Iалам а хуьлу серладолуш. Нагахь санна вай тIемаш бирзина, нохчийн дахар толуш ду бахахь, амалш а, хатI а хан ю цIиндала, цамгарх дендала. Адам адамна гергахь борз а хилла дуьсийла дац, аьлла хета Маршо Радиоца къамел мел динчарна. Ткъа цкъачунна, цара ма-баххара, дендала дезаш, лайначу эшамех меттаданза дуьсуш ду къам.

Кхунах тера

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG