ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан депутаташа ямартхо вина Макаревичах


Оьрсийчоь -- Макаревич Андрей дакъалоцуш ву Москох Машаран маршехь, Заз15, 2014

Оьрсийчоь -- Макаревич Андрей дакъалоцуш ву Москох Машаран маршехь, Заз15, 2014

Оьрсийчура рок музыканто Макаревич Андрейс даханчу кIиранах концерт елира Украинехь мухIажирашна хьалха. ХIинца "ямартло ярна" цунна тIаIзар дан лууш бу Оьрсийчура депутаташ.

Оьрсийчура музыкантана, "Машина времени" тобанан лидерна Макаревич Андрейна дуьхьал кампани йолийна Оьрсийчохь, Украинехь мухIажирашна хьалха концерт яларна цунна делла пачхьалкхан совгIаташ дIадаха деза бохуш. Цу гIуллакхана хьалха бевлла Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан депутаташ.

Украинера волонтераш дехнера Макаревиче сепаратисташна а, Iедалан ницкъашна а юкъахь хилла тIемаш лайначу Украинин малхбалерчу гIаланашка хьажа вар. Донецк мехкан Святогорск гIалахь мехаза концерт елира цо тIом бахьана долуш, хIусамаш а йитина, арабевллачу нехан берашна хьалха.

Цигахь даьккхина сурт шен Facebook-чу агIонна тIе хIоттийра Макаревича. Цу тIехь дара хазахетта тIараш детташ долу бераш.

https://www.facebook.com/photo.php?fbid=926747120675465&set=a.753332208016958.1073741826.100000205564744&type=1&theater

Марсхьокху-беттан 18-чу дийнахь Оьрсийчоьнан дупутато, махкахь урхалла дечу Цхьааллин Оьрсийчоь партин декъашхочо Федоров Евгенийс, Кремлна гIортор ечу «Известия» газетана интервью луш, дIахьедар дира «Макаревич Андрей фашисташца юкъаметтигаш лелош волу дуккха а хан ю аьлла».

http://izvestia.ru/news/575313#ixzz3AjCVnyYz

«Цо шен харжам бина дуккха а хан ю, ша Оьрсийчоьнан мостагIех дIакхетначу хенахь дуьйна», элира депутато.

Iедалан цIарах Макаревична дина совгIаташ, шайна юкъахь Оьрсийчохь махкахошна луш йолу уггаре а лекхара «Даймехкана динчу гIуллакхашна» орден а йолуш, дIадаха лууш ву Федоров.

Цул сов, оьрсашна духьал дIахьедар динчу нахера Iедалан совгIаташ дIадахарх лаьцна низам тIеэцийта араваьлла ву иза.

Макаревича Москох гIо дан деза бохуш балхош болчу мухIажирашна хьалха эшарш лакхаро депутаташ карзах хIунда баьхна кхеташ дац.

Амма Макаревича, хьул а ца йеш, критика йира Кремло Украина бахьана долуш юьхьарлаьцначу политикана. Зазадоккху-баттахь Оьрсийчоьно ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа цо шен Facebook-чу агIонна тIехь яздинера: «Нагахь вай дерриг а нийса деш хилча, дерриг а дуьне дуьхьал хIунда ду вайна? Вай бакъ а долуш, дерриг дуьне боьху хилар ду иза?»

https://www.facebook.com/makarevichav/posts/834191889930989

Кху беттан 18-чу дийнахь «Эхо Москвы» радион эфирехь Макаревича дIахьедар дира, ша кхеле латкъам бан а мега шена эладита кхолларна аьлла. «Нагахь цу наха кхин дIа а со фашист ву бохуш къамелаш дахь, гарехь, кхеле вала везар ву со уьш сан сий дайа гIертарна».

Оьрсийчоьнан Федерацин адамийн бакъонашкахула йолчу векало Памфилова Эллас критика йина Макаревичера пачхьалкхан совгIаташ дIадаха деза аьлла дупататаша кховдийначунна. Ша дуьхьал ю пачхьалкхан низамех пайда эцарна кхин ойла йолчу нахаца къийсам латтош, элира цо Интерфаксе.

Амма Макаревичана луьш болчу нехан могIа хедаш бац.

«Завтра» националистийн газетан коьртачу редакторо Проханов Александра Макаревич «къоман-ямартхо» ву аьлла http://www.rusnovosti.ru/news/335562/, ткъа Лимонов Эдуарда «Известия» газетехь артикл язйина, «ТаIзар хIунда дан деза Макаревичана» аьлла цIе а йолуш.

http://izvestia.ru/news/575417

Советан заманера йишлакхархочо Кобзон Иосифа кхайкхам бина Макаревиче, Iоттар яран кепехь: «Коломенскийна хьалха йиш лакхар а бен хIума ца дисина хьан». Коломенский шен лаамехь долчу Украинин эскарна ахчанца гIо деш волу Украинера вевзаш волу олигарх а, Днепропетровск мехкан губернатор а ву.

«Демократино аьтто бо хIоранан а шен ойла хила. Шен ойла хила аьтто бо, амма демократино бакъо ца ло цхьанне а махкана ямарт хила», - элира Кобзона «Комсомольская правда» газетана интервью луш.

http://www.kp.ru/daily/26269.4/3147114/

Кобзон а ву, Макаревич санна, «Даймехкана динчу гIуллакхашна» орден лелош.

Петарбухерчу низамаш дохучу гуламан депутато Милонов Виталийс дIахьедар дина Макаревичера пачхьалкхан совгIаташ дIадаьхна ца Iаш, цунна дехка деза Оьрсийчохь концерташ ялар аьлла.

Украинехь концерташ яла бакъо ю шен элира Макаревич Андрейс Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь.

Макаревич Андрей: Цкъа делахь, со цара цига кхайкхинера. ШолагIа делахь, мухIажирашна концерт ялар, уьш мичахь бу, хьена территори тIехь бу аьлла доцуш, дика гIуллакх ду аьлла хета суна. КхолагIа делахь, цу кепара бохаме хиламаш хуьлуш а болуш, царах лаьцна зорбанан гIирсаша сан тешам боцуш дуьйцуш хилча, цхьа некъ бен бац хуьлург къасто – цига а вахана, хуьлург гар.

Макаревич, цо дийцарехь, хилира Украинин армино уьш тIамца арабаххалц сепаратистийн коьрта центрех цхьаъ хиллачу Славянскехь а.

Макаревич Андрей: ГIалин йистош йохийна ю, вуно онда йохийна. Цигахь луьра тIемаш хилла. Шех гIалах лаьцна аьлча, иза дукха йоккху меттиг яц. Иза ерриг а юхаметтахIоттийна ю. Цхьацца герзаш лилхина ларш-м ю. Ткъа вуьшта, нехаш дIаяьхна, бахархой юхабоьрзуш бу. Коьртачу майданехь фонтан ю болх беш, музыка а ю лоькухш, бераш а ду девдда лелаш, мехкарий а бу буьйлабелла лелаш. ГIала юхаметтахIоттийна.

XS
SM
MD
LG