ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъан эскаршна гIодо амеркахоша


Диктатор лаьттина Хьусайн Саддам винчу Тикрит-гIалахь тIеман операци йоллийна гIаттамхошна дуьхьал Иракъан Iедало. Шаьш гIала, шина агIор тIелетта, мукъаяккха гIерта, хаам бина эскарийн буьйранчаша. Ши бутт хьалха дIалецира Исламан Пачхьалкхан тIемалоша БагIдадна 140 чаккхарма герга йолу Тикрит. Бахначу баттахь гIала яккха гIортарх гIуллакх ца хилира Iедалан ницкъийн.

Оршотдийнахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Барака дIахьедира, Мосул-гIалара гидростанци Iедалан ницкъаша а, курдойн тIемалоша а долаэцар боккха толам бу аьлла. ХIара бутт болабелчхьана Iамеркан тIеман кеманаш ду Иракъан ницкъашна оцу мехкан а, луларчу Шемин а дакъош дIалецна гIаттамхой бохон гIодеш.

Оцу юкъанна Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин агенталло хаам барехь, Къилбаседа Иракъехь тIемаша хIусамах вохийначу ах-миллион стагна гIодан йолаелла иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG