ТIекхочийла долу линкаш

"Исламан Пачхьалкхан" къизалла


Дуьненан юкъараллаша емал бо Иракъера гIаттамхой, цара интернетехь цуьнан махко кеманашца шайца тIом барна аьлла, Iамеркарчу журналистан Фоули Джеймсан корта боккхуш гойту видео яржорца доьзна. Цхьаьнатоьхна Штаташ эгIийна Iа, гойтуш дерг хилларг ду, аьлла дIахьедина КIайчу ЦIийно.

Фоули вуьйш готуш волу Британин диалектехь къамелден стаг мила таллийтархьама ша садаIа ваханчуьра цIехьавирзина Ингалсенан премьер-министр Кэмерон Дэвид а.

Францин арахьарчу гIуллакхийн министра Фабиус Лорана дIахьедина, Исламан халифатан бIаьхой акхарой хилар гойту къизалла ю видеочохь аьлла. Ткъа оццу Францин президента Олланд Франсуас дуьненаюкъара конференци кхайкха еза бохура, «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу нахаца дериг къастон.

Германин арахьарчу гIуллакхийн министра Штайнмайер Франк-Вальтера шен пачхьалкх кийча ю, элира, Иракъерчу курдашна гIаттамхошна дуьхьал тIом беш гIодан эскар хьажон.

XS
SM
MD
LG