ТIекхочийла долу линкаш

Iедална дуьхьал протесташ лаьтта Пакистанехь


Пакистанан парламент гоне лаьцнера кхаарийдийнахь эзарнаш гуламхоша, оцу чохь депутаташца махкахь лаьттачу политикан кризисах дагавала вахана премьер-министран Шариф Наваз а волуш. Амма тIехьарчу неIаршкахула парламентан цIийнера дIабаха аьтто баьлла чуьрачийн. Парламентан сесси ю еарийденна кхайкхийна.

Махкахь лелачу коррупцина а, харжамаш боьлхуш лелийначу харцонаша а карзахбаьхна пакистанхой. КIира гергга хан ю нах оппозицин шина лидеро Хан Iимрана а, уль-Къадри ТIахIира а протесташна арабаьхна. Шаьш халкъ премьеран Навазан кибинет чу кхачор ду, нагахь цо кхаарийдийнан сарале дарж охьа ца диллахь, аьлла къамел дира Хан Iимрана гуламехь.

XS
SM
MD
LG