ТIекхочийла долу линкаш

Хьовзаме ду Кавказехь жил-Iалам


Даккхий догIанаш доьлхуш, къора а тухуш, ницкъала мох а хьаьвзаш, хенан хIоттам хир бу Нохчийчохь кхаарийн а, еарийн а деношкахь, аьлла, хаам баржийна орцан министралло. Цо бахарехь, такха мега цхьацца меттигаш, бердех хьаладевр ду хиш. Оцу бахьанийца бахархошка сема хилар доьху Iедало. Изза хьал хIотта тарло луларчу мехкашкахь а. БуьрийтIехь, масала, ло дан а тарло, боху синоптикаша. Ткъа Ставропол-махкахь мехаша ток хадийна меттигаш ю хIинцале а.

XS
SM
MD
LG