ТIекхочийла долу линкаш

Сибрехара бохам. Мила ву жоьпе?


Оьрсийчоь --Саяно-Шушенскерчу гидростанцино хи дIахоьцуш , 22Мар2013

Оьрсийчоь --Саяно-Шушенскерчу гидростанцино хи дIахоьцуш , 22Мар2013

5 шо даьлла Саяно-Шушенски гидростанцехь авари хилла. Цигахь велира 75 стаг. ХIора шарахь, Марс-хьокху беттан I7 дийнахь 8 сахьт I5 минот яьлча, станцехь тийналлин минот кхайкхайо. Тоаме юй теша беллачийн гергарчарна шарахь цхьана минотехь шайх еш хуьлу терго?

Хакассехь хиллачу бохамна бехкеберш хIинца а жоьпе ийзийна бац. Ткъа кхелехь дов луьстуш долу ши шо ду. ГЭСехь беллачеран гергарчу наха дийцарехь, бехк-такхаран хан чекхялар бахьана долуш, гIуллакх дIакъовла там болуш ду. Гергарнаш я талламаш дIабахьаран кепана а, я адвокаташна а реза бац. Таьххьарчу хенахь кхеле бахка а ца богIу бохамна бехкебен нах, дуьйцу эшам хиллачу агIонан бакъонаш ларъечу юкъараллан куьйгалхочо Жолоб Николай.

Жолоб: «Массеран а садоIу бутт бу. Адвокаташа юхьанца дуьйна, нах Iехош, кепаш лелайойла хууш дара. Бехк тIебаьхьначу муьрехь, кхеле бахка а цо богIура. Эзар бахьана карадора кхеле ца бахка. Массо а адвокаташ – уьш йозуш йоцучу фирмин белхахой бу. Царна Iаткъам бан йиш ю, амма цхьане а ца лаьа и болх шена тIеэца».

Кхело жоьпе озийнарш бу станцин куьйгалхо лаьттина Неволько Николай а, коьрта инженер Митрофанов Алексей а, церан гIоьнчаш а. Верриг а бехк-такхаме озийнарг 160 стаг ву.

Оьрсийчоьнан Iедало бехкенаш жоьпе озон гIо а ца до, ткъа цул совнаха, бакъо лоьхучу нахана доьхьало а йо, боху юкъараллан куьйгалхочо Жолоб Николайс.

Жолоб: «Ас кехаташ яздора, хIу хилла теша Саяно-Шушенски ГЭСехь боху хаттар талла гIерташ. Кхин цкъа а и хила а сахьт ма дац и санна авари! Эрна ду. Дерриг а пайда боцчу даьккхана, хилларг доккха хIумма а доцуш санна. Гидростанци пачхьалкхан долахь елахь а».

Саяно-Шушенскера электростанцехь хиллачу бохаман ларш хIинца а янза ю. Амма 2014 шо чекхдолуш а болх беш хир йолуш ю пхи шо хьалха йоьхна I0 гидроагрегат. Бохам баьллачеран гергарчара дийцарехь, нехан дегнашкара чевнаш йерза ца юьту Iедало.

XS
SM
MD
LG