ТIекхочийла долу линкаш

Эшаршкахь балхабо шайн баланаш сурсадхоша


Нохчийчоь --Сурсадан белхалой болчу хьаькамаш баьхкина.

Нохчийчоь --Сурсадан белхалой болчу хьаькамаш баьхкина.

Тоьллачех, хазачех ю боху Соьлж-ГIала. Хуьлда иза иштта! Сурсад - мехкан коммуналан урхалла. Къоман уггаре баккхийчу пекъарша – нехашъяхархоша болхбен меттиг ю иза. Цигарчу белхалошна хетарехь, церан дашо куьйгаш ду гIала денъеш а, цIанъеш а дерш. Дан а ду иза иштта, гарехь.

ХIусамашна тIехь Iуналла ден коммуналан урхаллехь хьалха лаьтташ верг куьйгалхо ву аьлча, и бакъ ца хетало. Куьйгалхочо шен декхарш кхочушдо, амма гIалин бахархошна денна гуш верг и вац, гIалина цIано латтош болу могIарера белхалой бу. Церан къинхьегаме хьаьжжина мах хадабо бахархоша куьйгалхочун а.

Цундела бахархошна коьрта дакъа гIалин цIано латтошболчаьргахь хета. Iаьнан ло тесна Iуьйре хуьлийла и я гIаш эгна гуьйренан, уьйтIе цIена ца хилча, бахархоша резадацар хоуьйту уггар хьалха куьйгалхочуьнга.

Амма Соьлжа-гIалахь болх беш бу, доггаха дола а деш шайн гIалин, цигахь цIано а еш, шаьш бен болх а безаш, цуьнан пусар а деш. белхалой. Уьш сатасале арабовлу, ца къаьхкаш шелонах, догIанах я малхах. Церан коьрта лаам бу - гIалахь цIано латтор.

Иштачех цхьаъ ю Хеда. Шен балхах йоккхаерца, ишта дуьйцу цо.

Хеда: «Иштта бен ца хилча балур ма бацара хIара болх. Самукъа а долу, йолехь а ду некъ цIанбар, тхайна мэл а беза, хьанал ахча а ду кхуьнах оьцуш дерг. Йовха хиларх, догIа хиларх, тIе етташ елахь а тхо арадовлу, нуй хьакха. ХIара меттиг цIена хуьлийла лаьа тхуна, тхайн дуьхьа, Делан дуьхьа, мискачу нехан дуьхьа а.

…Оцу лелаш болчу водительшка ала лаьара суна: цхьажимма тхан хама бойла! Шишанаш, нехаш аракхуьйсу, хийистехь а охьахаа цIена меттиг ца юьту. Цхьажимма цара кулекчу а йоьхкина йитахьара, оха схьа а эцна, дIакхуссар яра».

Шен хеннахь тIера нехаш дIаяхаза болу урам хаза а ца хуьлу, иза кхераме а ду ун дIасадаржарна а. Иштта кхераме хуьлу Iаьнан хенахь тIе гIум тасаза дисина ша бина некъаш а. Цигахь гIашлой охьаббетталуш лазош меттигаш йогIу.

Иштта кхераме ду лекхачу цIенойн тхевнаштIера охкаделла шеш а. Уьш а дIадохуш ца хилча, дIасалелачу нахана тIедеттало. Цундела чIогIа мехала бу нехашдIаяхархочун болх тахана. И говзалла хаьржина стаг, олуш ма хиллара, алкханчаш гIовттучу хенахь, дукха хьалхе, садаьржаш хьалагIоттуш хила везаш ву.

Йисама а ю нехашъяхархо. ХIокху тIаьххьарчу шерашкахь дукха хIуманаш хийцаделла цуьнан балхахь. Цуьнан хьалха хиллачу белхан гIирсашна, белана, норана, йол лоьхьургна, вайн заманара буц хадон херхаш, ченаш,гIаш дIалехьош йолу чанийзораш тIекхетта.

Цул совнаха, цаьрца болх бан а хаа деза царна. Шен цхьалла меттиг, цуьнан даималлин тергамна кIел ю цо ларъеш-Iалашъеш. Шен муьлххачу а заманашкахь бан болх шортта хуьлу цуьнан: Iай ло даккха а, ша бохон а деза, гурахь – охьаэгна гIаш дIадоху цо, аьхка тротуараш а, некъаш а цIена латтадо.

Йисама: «Кхузах болх беш йолу дейттолгIа шо хан ю сан. Болх бан хIинца-м ишта хала а дацара. Уггар а холчу хенахь а бина: декъий, жIаьлеш, дахкаделла дIа-схьа а кхохьуш, дукха чIогIа болх бина оха. Бина бохург дан а дац!

Делахь а тхайн кхин амал ца хиларна дIалела, жимма а таро ерг нуй хьакха гIура ма вац. Коммунальни услугаш тоьар ю…хьан делахь а, дацахь а бутт чекх а балале охьадилла, бохуш хьийзаво. Хьо декхар вац, аьлла кехат ца хилча алапа а ца ло. Хьалха хилла хIуманаш дацара хIорш! Дан хIума дац!»

Нохчийчоь --Соьлж-ГIала цIанъеш бу Сурсадан белхалой

Нохчийчоь --Соьлж-ГIала цIанъеш бу Сурсадан белхалой

Нехашъяхархошна мукъа хан йисса а ца юьссу. Иштачу балхаца ледарлонаш ца йогIу, хIунда аьлча, динарг а, даза диссинарг а шерра гуш хуьлу. Нехашъяхархочун белхан шен дика агIонаш а ю. Цуьнан болх, дукха хьолахь ша вехачу цIенна гергахь хуьлу. Iуьйранна хьала ма гIаьттина шен белхан ураме дIавахчхьана.

КIадвелча я мацвелча хIума кхалла чу эккха а гена дац цунна. Дуьззинчу бархI сахьтехь болх бе,бохуш а ца хьийзаво иза. Шен белхан декъатIехь цIано хилчхьана.

Халонаш а ю нехашъяхархочун балхахь, амма уьш Iаламат экамечу амалшца йозаелла ю. Болх хенан доза тоьхна бацахь а, халачех бу.

Iумар а ву нехашъяхархо. Ала дац цо шен алапаца кхачо йоллуш доьзал кхобу. Вац иза Европера нехашъяхархо.

Масала, Европехь беттан алапа ши эзар евро ду, Iамаьркехь кхо эзар доллар Iумар санна болчу белхалойн. Германехь цхьа эзар ах эзар евро, Австралехь дийнахь 25 доллар мах бу цхьана сохьтан, буса шовзткъе итт доллар. Оьрсийчохь пачхьалкхашкахь - I0- I5 бIе эзар сом. Кхачо хуьлий-те цу рицкъах?

Iумар: Сан алапа итт эзар сом ду. Могаш воцуш хилла балха ца вогIуш виссахь, де-ши де юкъара долу, тIаккха 7 эзар бен кара ца кхочу. Сайн долахь хIусам а яц сан, мах а луш нехан чохь Iаш ву. ВорхI эзар дIало цунах, бухахь кхоъ бен ца дуьссу. Белхан накъостий: ХIокху кIантана хIусам нисъяр доьху оха Кадыров Рамзане! Хала бохкуш бу Iумаран доьзал. Цомгаш йоI ю, хIинцца Ростов-ГIалара болницера цIа ялийна».

Маршо Радиоца къамел динчу нехашъяхархойх стагга а вацара, иза мел тамаше делахь а, я дахарна а, я балхана а леткъаш. Шайна и хилларх а баккхийбе уьш.

Амма нехашъяхархоша догдоху хенан йохалла шаьш цано йина а бовлале юха а сихха кехат, нех урамашка кхуьйсучу наха шайн къинхьегамах пусар дийриг хиларе. Уггаре хьалха и дара цара къадориг, я кIезиг кхочу ахча а дацара. Иза а алссам харцонаш, гIелонаш а лайначу нохчийн амалера хIума долчух тера ду – жимма долчу диканах а тоам бар.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG