ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуманитаран ковра Украине юьтуш ю


Сепаратисташца тIемаш лаьттачу Украинерчу Донецке а, Луганске а кхачон новкъаяьккхинчу Оьрсийчоьнан ковранах цхьа дакъа чекхдалийта сацамбина Киево. 250 машен гуманитаран кир эцна йоьду бохург шеконе а даьлла, иттех дийнахь латтийра Украино шен дозанал чоьхьа ца йолуьйтуш.

Донбассехь, 2000 сов стаг а вуьйш, беттанашна бахбеллачу тIемаша къоьлла, мацалла йоссийна.

Пачхьалкхан эскарийн векала Люсенко Андрейс хаам барехь, кхаарийдийнахь Луганск дIатаса арабаьллачу доьзалан машенна тIе сепаратисташа герзаш тоьхна, кхо стаг вийна, царех цхьаъ 5 шо кхаьчна бер а долуш. Оцу эпсаро бахарехь, эскархойх велла еарийн дийнахь 5 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG