ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Гуманитаран" коврано пурбанза хадийна Украинан доза


Хьалха барт биннашехь, шеца ЦIен ЖIаран векалш а боцуш, оьрсийн гуманитаран ковра шайн дозанал чоьхьаяьларца доьзна Украинан кхерамзаллин сервисан векалша бехкейо Москох. Иттаннаш кирх йоьттина машенаш чоьхьаевлла, Кремло шена къордийна садетта, Киево леррина дуьхьалонаш йо Донбассе гIо дIа ца кхачадойтуш аьлла дIахьединчул тIаьхьа, пIераскана.

Украинан тIеман министраллан векала Лысенко Андрейс бахарехь, 90 машен хилла барт а бохийна, шайца ЦIен ЖIар а йоцуш яхна Донбассе. Иза доза а хадийна, Оьрсийчоь шайна тIелатар лору шаьш, дIахьедина Украинан къайлахчу сервисан куьйгалхочо Наливайченко Валентина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG