ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъан ницкъаш чIагIбо Iамерко


Иракъан аятоллас ал-Систани Iелас юха а кхойкху махкахой Исламан Пачхьалкх олучу ницкъашна тIамца дуьхьалхIиттаре. И кхайкхам цо шен гIоьнчехула баржийна Кербела гIалахь рузбанехь.

Цо бахарехь, БагIдадехь бартхилла политикан массо а агIонашна массарна а товш долу Iедал къасто. Пачхьалкхан эскарша а, курдойн дакъоша а тIом болийна махкахь гIаттамхоша лецна латтаечу гIаланех шиъ мукъайоккхуш. БагIдадера эскар ду ГIажарийчоьнан дозанера Саадия мукъаяккха гIерташ. Ткъа курдой – БагIдадна 115 чаккхарма герга йолу Джалавл.

Еарийдийнахь Iамеркан Штатийн тIеман министра Хейгл Чака элира, цкъа а гина йоцчу кепара кхераме а, юьстахарчу агIонаша ахча латтош а тобанаш ю Исламан Пачхьалкх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG