ТIекхочийла долу линкаш

Исламабад кхехка резадацарх


Исламабадехь, Iедалан цхьайолу гIишлош а лецна, Пакистанан премьер-министре дарж дита бохуш, протестехь лаьтта гуламаш шен тергонехь бу, боху Вашингтоно. Iамеркан Пакистанерчу векалто дехна агIонашка бартлахар, хаам бина шен пачхьалкхо нейтралитет латтайо цкъачунна, аьлла. Мехкан парламенто еарийдийнахь шен резолюци йовзийтина. Цо дIахьедо, премьер-министр Шариф Наваз арахь хIоттийначу гуламашкахула даржах мукъаваккха гIертар нийса дац. Оппозицин лидерша Хан Iимрана а, вевзаш волчу Iеламчас ул-Къадри ТIахIира а декхаре во Пакистанан премьер Шариф балхах воха.

XS
SM
MD
LG