ТIекхочийла долу линкаш

Кадыров Ахьмадан 63 шо кхочуш


Кху деношкахь паспортан раж толлуш а, некъаш къуьйлуш а ю Нохчийчуьра полици. Соьлж-ГIаларчу урамашкахула шишша-кхоккха Iедалхо лела нехан кехаташка хьовсуш. Цхьайолчу меттигашкахь нахана суьрташ а гойтуш, лохуш нах а бу. Полицерчу хьостанаша, шаьш и барамаш Кадыров Ахьмад вина 63 шо кхочуш хинболчу барамашна кхерамзалла хIоттош дIахьош бу боху. Шоьтан дийнахь шахьарахь хир бу «дуьненан исламан конференци» цIе тиллина барам, иштта схьадоьллуш ду массех маьждиг, школа, кхийолу гIишлош.

XS
SM
MD
LG