ТIекхочийла долу линкаш

Баледаьлла нохчашна рогIера Дезде


Кадыров Ахьмадан барельеф

Кадыров Ахьмадан барельеф

Нохчийчоь кечлуш ю 1999-чу шарахь Кремло шен цIарх мехкан да а хIоттийна, 2004-чу шарахь веллалц мехкан куьйгаллехь Iийна Кадыров Ахьмад вина 63 шо кхачар шоьтан дийнахь даздан. Цунна кечбина барамаш бу дуккха а. Оцу денна иштта кечлуш бу махкара кхерамзаллин ницкъаш а, полици а, кхийолу хьукматаш.

Кадыров Ахьмад вина 63 шо кхачарна лерина керлагIишлош ю Нохчийчохь кху деношкахь схьайоьллуш: къуIан дагахь Iамочийн хьужар, 5 маьждиг, йоккха спорткомплекс, ишколаш, оьздангаллин хIусмаш, масех тIай ишта кхин дIа а. Йина йоккхуш мел йолу гIишло бIаьрга Iуналле а эцна масийтта де хьалха дуьйна а полисхоша ларйина.

Цу кепара сема лардинчех ду Теркйист кIоштера маьждиг а, йоккха спортан комплекс а. И гIишлош схьайоьллуш цига кхаьчна мехкан куьйгалхой а, бу мел боху Iедалдай а. Бегашена а доцуш кечам бинера теркйист кIоштехь масала маьждиг схьадоьллучу 22 –чу денна.

И де рузбана де хиларе терра кIоштан массо маждигашкахь кхайкхамаш бира цук дийнахь рузба хIинцца дина даьккхинчу ЧIулгаюьрта маьждигехь хир ду аьлла. Дуккха а билламаш а бара хIиттийна: Iедалан балххаь мел волчарна тIехь дара цу дийнахь Далла Iамал кIоштан доккхачу маьждигехь дар а, коьртехь пес хилийтар а, коча оьхкина суьлхьанаш а, тIеюьйхина веттарчий долу нохчийн коч а, пхьаьрса кIелахь а ламазан куз а.

Коча оьхкина суьлханаш стенна оьшуш ду,кисанахь хила ца мега уьш боху хаттар тергамза а дитина аьлчи,ламазан куз оьшуш бара маьждиган чу ца хIоьъчи арахь, малхехь ламаз дан. И тIедахкарш кхочушдинарш чот а йоцуш дукха бара ца динарш кIезиг ца хиллехь а. МогIарерчу наха хьехархоша а, лоьраша а, кхечу белхоша а чIогIа дийцаре деш дара шайлахь Iедалхоша детташ долу зил-дозанаш.

Бахархошлахь алсам бара Iедалдайша лелориг къобал ца дийраш а. дуьне доьхчи а ЧIулга юьрта гIур дацара шаьш баьхнарш а, тIеюьйхина хIара-и хилийта бохуш цIерш еттар харцо лоруш берш а.

Маьждиг дуьзинчул тIаьхьа малхехь арахь ламазе хIоьттинарг вара 500-600- вахархо боху цигахь хиллачара. Мехкан куьгалхочо а, баьхкинчу беза-баьккхийчу хьешаша а маьждиг чохь дина къамелаш, араяьккхина кхин репродуктор хIума а йоцуш. Кхузара рузба дIадаьлча шайн кузанаш кара а эцна дIасабевлла.

XS
SM
MD
LG