ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна психологийн лоьралла оьшу


Къизалла, коллаж
Къизалла, коллаж

„Вийна“, „таIзарш дина“, „летта“, „йиттина“ - и дешнаш кест-кеста хеза нохчийн юкъаралехь. Мичара яьлла те даима а вовшашна тIетевжаш, вовшашна гIортораш хуьлуш баьхначу вайнахана и керла къизалла? Массанхьа а юй- те иза иштта яьржина.

Марх достучу дийнахь, луларчу ураме нехан марха къобал дан а вахана, цIавогIуш волу цхьана ТIехьа-мартантIа кIоштарчу юьртан вахархо, тIе машен тоьхна, вийнера. Машен тIе тоьхнарг, ша динчух хIуммаъ цец ца волуш, я охьавоьссина, ша тIе машен тоьхначуьнгахь хIун хьал ду, иза дийна ву-те, вац -те, ца хьожуш, я лоьрийн цIийна вадо я кхин цхьа орца даккха ца хьожуш, хаьхкина дIавахнера. Ойла кхоллало, хIун дог хила деза цу стеган кийрахь, марха достучу, Дала сел деза Iийдан дийнахь, чехка хахкавала а вахана, нехан стаг, цхьана доьзалан да, цхьаннан кIант, ваша, хIусамда хазхета санна вийна охьа а виллина, юха саца а воцуш, дIаваххал къиза волчу?

Иштта я цунах тера хьал кIеззиг ца нисло вайнахалахь тIаьхьарчу шерашкахь. ТIеман къизалла а, оьрсийн эскархоша латтийна Iазапаш а лайначул тIаьхьа, хIинца вовшийн къизаллийн кара дахча санна хетало адамаш. И къизалла, дукхахьолехь, цхьаьна могIарерачу хIуман, тамашийна а ца хеталучу хьесапе йирзина. Мила волу дас-нанас берана йиттича цец? Мила инзара волу хIусамдас зудчунна йиттича? Мила Iадаво базарахь йохкархочуо шега хIума эца веъначуьнга маьттаза баг тоьхча? Ткъа новкъахь воьду-вогIучехь цхьа цакхетам нисбелча, боьрша нах вовшашна чучча бахча, царех герз а, тIеман духар а доьхначуо шен йоцу бакъо толийча?

ХIинцачул ткъех шо хьалха нохчочуо цIахь а, арахь а кхечу нохчочуьнга кIоршаме дош аьлча а, я уьш вовшашлахь летча, я цара вовшашна тешнабехк бича – иза цхьа массо а цецволуш, дийна къам инзаре доккхуш цеце хилам бара. Нис а ца лора и саннарг, ша вуно наггахьлерчу хьелашкахь бен.

Тахана – лата кийча ву-кх массо а, аьлча санна, дера ду адам, цIахь а, арахь а. Нохчийчохь хIора денна аьлча санна, психологаш шех „дела денан къизалла“ я „гуш йоцу къизалла“ олуш долу хьал, я кхечу дешнашца аьлча а, могIарерчу, дела денерчу ситуацешкахь адамаш вовшашца кIоршаме хилар тергал до ша бохуш дийцира Маршо радионе Соьлжа-гIаларчу психолога Гайсумова Сацитас.

Гайсумова Сацита: „Вайнахана тIе хIоьттинчу хьоло, вай лайначу къизаллаша а, харцонаша а, вайн цунна дуьхьала баккха ца хилла ницкъ а, и дерриге а бахьана долуш кхоллаелла йолу агресси вайн чохь ю. ХIинца вовшашна юккъехь тIейолуш ю вайн иза. ТIом лайначу хIора а стагана психологийн гIо оьшу. Вайна ца хилла болу кхачам а, вайна хилла болу Iаткъам а бу тахана тIебаьлларг.

МогIарера къизалла я дела денан къизалла. ХIун ю иза? Муха ду цуьнан сибаташ а, аматаш а? Адам, дукха хьолехь, ша кхеташ я тидам беш ца хуьлу, ша лелочу къизаллин, цунна ша даима а нийса хета, я даима а кхинверг шена бехк боцуш коча веана хета. Психологехь эмпати олуш болу синхаам, ша кхечу стеган метте хIотто хаар, тIаккха шена дезарг кхечунна а дезийла хаар ца тоьу ишттачу нахана. Жима я воккха, зуда я боьрша стаг – цу цамгаро цхьа а ца къаставо, бохуш дуьйцу Сацитас. Масалаш дахкадо цуо.

Гайсумова Сацита: „Масала, базара яхана со хох эца. Сайна тоъалла масех зох чу а биллина, дIакховдийна ас йохкархочуьнга. Иза вуно йоккха стаг яра, сан ненал а йоккхох хир йолуш. Сан масех хох чохь болу тIоьрмиг, цхьа ца ешаш, маьтаза ирах а яхийтина, „хIара ю ян а? Ас-м ца узу хIара“, аьлла, кхоьссина вукху шен хохашна тIе кхоьссира цуо. КIезга оьцуш хиларна реза йоцуш. Я, масала, стомара лоьрийн цIийна дахана тхо.

Цигахь охахаа меттиг бац, йовха ю, чохь кондиционер яц. Оти чохь латтош бу нах. И нах неIарх чоьхьа ца бовлийта ларбан хаийна цхьа йоккха стаг ю, суьлхьанаш а хьийзош Iаш. Цхьана зудчо хаьтти цуьнга, шен гергарчу стагна тIаьхьаеънера ша, чуяийтахьара ахь, аьлла. „ХIахI, схьайоллахь хьо!“ аьлла, цхьа вуо неI дIа а кхоьссина, йист хили и йоккха стаг цуьнга. Ас боху сайна уллерчуьнга, хьажахь, суьлхьанаш а дохуш Iаш йолу хIара а ю-кх оьгIазаллах схьаэккха йоллуш, аьлла“.

Амма психолога Гайсумова Сацитас йийцина къизалла Нохчийчохь хилла ца Iа, дозанал арахь бехачу вайнахалахь а ю иза дебаш. ХьастагIа, ши кIира хьалха, Австрин коьртачу шахьаран Венин юккъехь, гуонахьа лелаш иттанаш адамаш а долуш, цхьана 39 шо долчу нохчочуо шен хилла хIусамнана шозза герз тоьхна йен а йийна, цул тIаьха ша шена тоьхна веллера. Юкъахь шиъ бер а долуш, цхьана хенахь мерза а, бертахь а доьзал хилла долу и ши адам, мичча бахьанашца даьллехь, къаьстина, ткъа цул тIаьхьа цхьаммо важа делла, къизалле йирзина хилла церан юкхаметтигаш.

Бусулба динехь адаман уггаре а деза леринчех амат ду къинхетам. Вовшашца а, дийнаташца а, Iаламца а. Бусулба дин дусучу хенахь къинхетам бахьаш доьсина а ду, - гIийлачаьрца, зударшца, лайшца, кхин бос болчаьрца, массо а харцо а, гIело а ловш болчаьрца.

АллахI Дела цIе а ю Къинхетамеверг аьлла, хIора дийнахь массо а бусулбанаша дуккхаза а Бисмилла доккхуш йоккхуш ерг и цIе ю цуьнан. „Къинхетамбешверг а, къинхетаме берш Безашверг а“ боху Ша Шех Дала шен КъурIанчохь. Иштта „Къизалла ца езашверг“ а боху.

Ткъа нах вовшашца къинхетаме хилар а, уьш вовшийн хьашташка хьовсар а бусулба динехь уггаре а даздинчех хIумнашна юккъехь ду. Венерчу коьртачу Исламан кхерчахь хьехамаш беш волчу Iелима Мусас иштта дуьйцу цунах лаьцна:

Имам Муса: „Абу-Хурейрас далийна цхьа хьадис ду, вайн пайхамара, Делера салам-маршалла хуьйла цунна, нагахь санна бусулбачу стагехь болу сингаттам цхьаммо байбахь, шега далучу агIор цунна гIо а дина, тIаккха цунна Дала хIокху дуьненах дуьненан бала а дIабоккхур бу, ткъа эхартахь эхартан бала а дIабоккхур бу , аьлла. Оццул деза хIума ду иза. Массо а бусулба стаг шен кадолучу агIор къахьега дезарг, кхечунна гIо дан гIерташ“.

Маршо радиоца къамел динчу психолога Сацитас ма-аллара, дуккхаъ шерашкахь кийрахь къийлина харцонаш а, гIелонаш а ю тахана нохчех яхнарг, уьш вовшашца сел луьра берзийнарг а. ХIетте а, иза бахьана дац, аьлла хета, арахьара лайначу халонашна тIе вайнаха шаьш вовшашна ваьснаш ян а, вовшашца юхьаза хила а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG