ТIекхочийла долу линкаш

"Гуманитаран" ковра юхаяханехь а...


Шаьш-шайггара Украинан доза а хадош, Донбассе кир эцна яхана оьрсийн машенийн ковра, мисси чекх а яьккхина, Оьрсийчу юхаяхана пIераскандийнахь, аьлла бу прессехь хаамаш. Иза тIечIагIдо Европан кхерамзаллин а, цхьанаболхбаран а организацино а.

Донецкан къоштара араевлла Оьрсийчоьнан агIор юхаяхана 225 кир лелабен машен, хаам бо агенталлаша. Ковранахь, иза Москохара арайолуш 280 гергга хилла, оцу терахьал кIезиг стенна ю Украинера юхаяхана машенаш, ца кхета журналисташ.

Украинера пурба а доцуш чекхъяккхина оьрсаша шаьш гуманитаран олу мисси. Киево а, Европерчу шахьарша а, Вашингтоноа къобал ца йина Кремлан Украинаца йоьзна и рогIера гIулч.

XS
SM
MD
LG