ТIекхочийла долу линкаш

68 суннато вийна Иракъехь


ПIераскандийнахь Иракъехь суннатойн маьждигна тIе а летта, 68 стаг вер шаьш толлуш ду аьлла мехкан спикера, ша а суннато волчу ал-Жабури Салима. Талламан жамIаш довзийта дош делла кхерамзаллан урхалло шина-кхаа дийнахь. Цунна хетарехь, махкахь цхьанабертахь кхуллуш долчу Iедална дIахIтта новкъарло ярхьама дина и зулам.

Нах байина Бакуба гIалина генайоцчу юьртарчу маьждигехь. Полицино бахарехь, рузба доьдуш чулилхинчу герзахоша масатоьпашца дина зулам.

XS
SM
MD
LG