ТIекхочийла долу линкаш

Садаханова Амина дIахецна


Нохчийчоьнан ницкъахоша лаьцна, кхаа дийнахь латтийна шайгахь Соьлж-ГIалара яхархо, Iаьрба мотт Iамош а, хьуьжарехь иза хьоьхуш а йолу Садаханова Амина. Бакъонийн тергоечу «Мемориало» хаам барехь, чIогIа йиттина цунна.

25 шо долу жима зуда хьиджаб лелош ю, иза долчух тера ду евзаш йоцчу Iедалан ницкъийн тобано цунна гIело яр, боху «Мемориало». Зудчунна ца хаьа, цо бахарехь, ша стенга йигинера а, йиттинарш муьлш бара а. Кхерийна йолу иза реза ца хилла цхьаьнхьа а арздан.

XS
SM
MD
LG