ТIекхочийла долу линкаш

Украинин байракх тоьхна Москох университетана буьххье


Киевера руфер Григорий (Мустанг Вонтед а олу цо шех) буьххье ваьлла Москох пачхьалкхан университетан гIишлонна. Цу кепара цо декъалйина Украина иза йозуш йоцу пачхьалкх хиларан денца. Цу гIишлонна тIехула болчу седанан техь шен даьккхина сурт диллина Григорийс шен Facebook-хь йолчу агIонна тIе Марсхьокху-беттан 24-чу дийнахь, буьйса юккъе юлуш.

Кху беттан 20-чу дийнахь цо, Украинин байракх дIа а тоьхна, можа басар хьаькхнера Москох цу тайппа гIишлонна тIехула болчу седанна. Амма 21-чу дийнахь полицино лецира виъ стаг – ши жима стаг а, ши зуда а. Уьш берш Оьрсийчоьнан махкахой бу.

XS
SM
MD
LG