Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан адамийн бакъонашкахула йолчу урхаллан куьйгалхочо Пиллэй Навис бехке бина Исламан Пачхьалкх тобанера тIемлой, Иракъехь луьра зуламаш дарна. Оршотан дийнахь цо леррина дIахьедар дина, цу наха адамаш а дайина, бахархой лайш а бина, къизаллаш а лелийна, муьлхачу къомах бу а хьожуш таIазарш а дина аьлла. Пиллэй Навис дийцарехь, цу тIемалоша лелийнарг тида мегар ду адамаллана дуьхьал дина зуламаш санна а, тIеман зуламаш санна а.
Масала, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан белхахоша таллам а бина гучудаьккхина Исламан Пачхьалкх тобанерчу наха Мангал-баттахь Мосулехь Бадуш набахтехь 670 тутмакх вийна хилар, шайна уьш сунниташ цахилар гучудаьлча. Пиллэй Навис кхайкхам бина Иракъан Iедалшка а, дуьненаюкъаралле а Иракъера бахархой, шайна юкъахь керстанаш а, езидаш а, туркоманаш а болуш, ларбан дерриг дахьара аьлла.