ТIекхочийла долу линкаш

Украинера тIемаш


Оршотан Iуьйранна Оьрсийчоьнан тIеман ковра яьлла Украинин территори тIе Новоазовск олучу меттехь. Цунах лаьцна хаам бина Украинин тIеман министраллан векалша. Антитерроран операцин зорбанан сервисан векална Матюхин Леонидана тIе а тевжуш, France-Presse агенталло хаам бина, Украинин эскархойн аьтто баьлла оьрсийн ковра сацо аьлла.

Цо дийцарехь, тIематасадалар хилла Оьрсийчоьнан дозанна 10 километр уллехь. Цхьаболчу хаамашца, цу ковран цхьа дакъа, шена юкъахь 10 БТР а, ши танк а, ши КамАЗ а йолуш, чуяхана Украинин территорина. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс Москох зорбанан конференцехь дIахьедар дира, Оьрсийчоьнан эскархой Украинина чубахана бохург бакъ дац аьлла.

XS
SM
MD
LG