ТIекхочийла долу линкаш

10 оьрсийн десантхо лаьцна Украинин эскархоша


Украина --Донецкехь тIемаш бен оьрсий, 1Ман2014

Украина --Донецкехь тIемаш бен оьрсий, 1Ман2014

Украинин къайлахчу сервисо хаам барехь, Донецкана гена йоцчу Зеркальный юьртана гергахь пачхьалкхан эскарийн каравахана 10 оьрсийн десантхо.

«Юкъахь вовшахтоьхначу Украинин эскарна оперативан тобано Оьрсийчоьнан 98-чу Свирски ХIаваан-десантан эскаршкарчу 331-чу полкера (71211-гIа дакъа) 10 эскархо лаьцна. Цаьргахь дара шайн тоьшаллин кехаташ а герз а.

Церан дийцар иштта ду: юьхьанца десантхойн батальон аьчка некъаца Ростов-махка кхачийна, Марсхьокху-беттан 23-чохь, буса 3 даьлча орцанца тIеман дакъа гIаттийна, гIагIадиллинчу машенашца Украинин дозанах чудаьккхина», - хаам бо Украинин кхерамзаллин урхалло.

Украинин тIеман министра Гелетей Валерийс дийцарехь, пачхьалкхан эскарийн карабахана Украинан дуьхьал тIемаш беш дуккха а Оьрсийчуьра салтий, эпсарш.

Украинан кхерамзаллин урхаллерчу информацин-аналитикан центран векала Лысенко Андрейс иштта хаам бо: оршотдийнан Iуьйранна бронетехникан ковранахь Украинан дозанал чоьхьаяьлла 10 танк а, шиъ гIашсалтийн гIагIадиллина машен а, 2 кир лелабен «Урал» машен а.

Лысенкос дуьйцу: Новоазовера Мариуполе боьду некъ Украинин ницкъийн карахь бу, и ковра сацийна оцу некъа тIехь, Шербаки-Маркино агIор дIайоьдуш.

Иштта ду лецначара ден тоьшаллаш. Ефрейтер Мильчаков Иван ву хIара.

Мильчаков: «Со Оьрсийн Федерацин вахархо Мальчуков Иван Васильевич ву. Эскарехь ву – Кострома-гIалахь, тIеман дакъа 71211. Десантийн 331 полк».

РогIерчо а до иштта тоьшалла. Иза ву Смирнов Дмитрий.

Смирнов: «Контрактца тIеман гIуллакх деш ву со. 98-гIа дивизи, дакъа 71211, Кострома»

Лецначу массеран а ю хууш цIерш, уьш шеко а йоцуш бу Оьрсийчоьнан эскархой, царех ву Смирнов Иван, Генералов Алексей, кхиберш. Цара дийцарехь, стенга хьовсабо а хууш, бахкийтина уьш хьакамаша, стенга боьлху а хууш шаьш а баьхкина Украине.

Оьрсийчоьнан векалша даре ца дина хиллачун. Амма Интерфакс-агенталле къайлаха хаам бина тIеман министраллан инарло.

«Буьйцуш болу эскархой, бакъ а долуш, бара Оьрсийчоьнан-Украинин дозанца хадеш, гарехь, тилбелла дехьабевлла хила тарло. Цара шаьш лоьцучу муьрехь дуьхьало а ца йина», - боху оьрсийн эпсаро.

Украино а, Малхбузено а Оьрсийчоь бехкейо цо Донбассе герзаш а, герзахой а кхийларна. Ткъа Кремло дацаре до цуьнан.

Украинин малхбалехь антитерроран болам лаьтта 4 бутт кхаьчна.

XS
SM
MD
LG