ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полиомиелитана дуьхьал вакцинаци йолийна Пакистанехь


Полиомиелитан дуьхьал берашна вакцинаци яр долийна Пакистанан Iедалша. Гергарчу кхаа дийнахь лоьраш дагахь бу 700 эзар берана маха тоха. И бераш дехаш ду Тукхамийн зона олучу Пакистанан къилбаседа-малхбузехь йолчу регионехь. Iедалша хаам бина, цхьайолчу кIошташкахь медицинин белхахошна кхерам хилар бахьана доцуш, цу цамгарна дуьхьал вакцинаци ца еш дусуьр ду 300 эзар гергга бер аьлла. Пакистанера тIалибаш а, кхин болу тIемалой а дуьхьал бу цу тайпа кампанина, Iамеркан талламан сервисийн белхахойн аьтто бан дIахьош иза бохуш. 2012-чу шеран ГIура-баттахь дуьйна Пакистанехь вийна вакцинаци еш дакъалоцуш хилла 56 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG