ТIекхочийла долу линкаш

ТIалибаша молла вийна ОвхIанистанехь


ОвхIанистанехь Фарах провинцехь тIалибаш кортабаьккхина цхьана юртарчу моллан. И стаг бехке вина зуламхоша Iедалшца юкъаметтигаш лелорна. Цунах лаьцна Маьрша ОвхIанистан радион корреспонденте хаам бина Iедал векало. Фарк цIе йолу и молла вийна маьждиган хьалха Оршотан дийнахь Бала олучу кIоштахь. Цигахь жигаралла гойтуш бу меттигера тIалибаш.

XS
SM
MD
LG