ТIекхочийла долу линкаш

Украинехь машар лохуш гIо дан мега Минскерчу цхьаьнакхетаро


Минскехь дагадовларш дуьйладелла Украинин а, Таможнин бертана юкъайогIучу Оьрсийчоьнан а, Белорусин а, Казахстанан а куьйгалхоша а, ткъа иштта Евробертан векалша а дакъа а лоцуш. И цхьаьнакхетар доладалале Украинин президенто Порошенко Петрос а, Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а вовшен куьйгаш делира. Минскерчу саммитехь дийцаре деш ду Украинехь хIоьттина долу политикан а, экономикан а хьал а.

Белорусин президентаца Лукашенко Александрца шен хиллачу къамелехь Украинин президенто Порошенко Петрос элира, ша сатесна ву Минскерчу цхьаьнакхетаро Украинехь машар хIоттош гIо дийр ду аьлла. Украинин куьйгалхо иштта цхьаьнакхийтира Евробертан арахьарчу политикехула векал йолчу Эштон Кэтринца.

Порошенкос билгалдаккхарехь, Минскерчу цхьаьнакхетарехь дуьйцуш дерг Украинехь машар бар хилла ца Iаш, цигахь билгалйоккхуш ю Европан а, дуьненан а кхане.

XS
SM
MD
LG