ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дай-нанойн таронаш яц Iедалан лаамашна къера хила


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалахь, берийн бедарш юхкучу базаран могIаршкахь, 25Мар2014
Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалахь, берийн бедарш юхкучу базаран могIаршкахь, 25Мар2014

Кху деношкахь массо а дай-наной шайн бераш кечдеш бу школе дахийта. Ишта, хьехархой а бу даханчу шеран жамIаш а деш, керлачу сатийсамашца, дегайовхонца дешаран керла шо долон кечлуш.

Цхьана агIор хаза а, вукху агIор бале а болх бу дена-нанна шайн доьзалш школе кечбар, хIунда аьлча, шайн чоме а, кисане а хьаьжна ца Iаш, церан лара беза дешаран а, Iилманан а министерстван лаамаш, цо хIиттийна тIедахкарш а.

Президента Путин Владимира ши эзаркхойтталгIачу шеран бIаьста дIахьедира, школашкахь цхьанакепара духар хила деза, аьлла.

ХIеттахь Оьрсийчоьнан дешаран а, Iилманан а министерствос дIакхайкхийра : массо а дешаран меттигашкахь кегийрхошна тIехь цхьатерра барамца тегна школан барзакъ хилийта, аьлла.

Нохчийчохь школашкахь а юкъадаьккхина керла духар. Дика ду и я вуон ду? Атта дуй мехкан школаш цхьана барзакъе ерзон? Цу хаттарца делла жоьпаш, нехан цIераш а ца йохуш, довзуьйту Маршо Радионо.

Дешархойн нана: «Юьхьанцарчу классе деша доьдучу берана тIейоха хIума эца 5-6 эзар сом ахча деза мел лахара а. Цул совнаха, тетрадаш, ручканаш эца еза. Портфелах 900 сом делла, кучах 550, хечех 1000 сом делла, кога юха мачtх 1000 сом, хуьйцуш юха а шишша пара эца еза. Цу тIе книгаш эца а еза».

Базархо: «Со пенсехь ю, дийно сарралц кху базарахь лаьтташ ю со, сайн доьзална гIо хир дацара-те бохуш».

КIант- дешархо: «Школехь луш долу духар хаза ца хета суна, сиха этIа а этIа, басара а йолу и.Туьканахь, базарахь юхкуш ерш дуккха а гIолехьа хета суна».

ЙоI-дешархо: «Суна хаза хета. Нагахь санна массара а лелор елахь, лелон а мегар дара. Лела ца йо-кх и школехь юхкуш йолу форма. Цхаболучара шайна хеттарг лелайо, вуьйш шайн лаамехь лела. Цхьабосса лелош хилча, ас а лелор яра».

Да: «Мел лахара а I0 бIе туьма долу-кх бер школе кечдан. Школехь эца бохуш, тIейожош йолу форма хаза а ца хета. Шен шерашка а, замане а хьаьжжина хила деза тIедуху духар а».

Хетарехь, массеран а яц тахана таро кхачо йоллуш, духар, оьшу кхиболу гIирс вовшах а тоьхна, шен доьзалхо школе дIахьажон.

Массарел а сов саготта бу чоь юьззина доьзалш болу дай-наной. Оьрсийчоьнан Пачхьалкъан Думано тIеэцна, чIагIдина низам ду - доьзалаш алссам болчу наношна, бераш школе дохуьйтуш йина харж меттахIотош, цхьа эзар ах эзар сом цхьана берана а луш, гIолацар. Амма цунах тоам ца хуьлу бохуш дуьйцу пхеа беран нанас Заргана.

Зарган: «Селхана книгаш лур ю, аьлла, дIадигина бераш, цхьаерш шаьш тIеэца еза аьлла, ши-кхо книга кара а еллла, цIабахкийтина».

Статисташа йинчу чоьтаца, ши эзарлагIчу шарахь бераш школе дохуьйтуш, дай-наноша йейина харж 4 эзар соьме йолуш хилла. Ши эзар пхоьлгIачу шарахь, мах хьалаболу: диъ эзар соьмана тIекхета дезткъа туьма.

Ши эзар ворхIолгIа чу шарахь Нохчийчохь, юккъера барамашца, бер школе хьажош дас-нанас дойу ворхI эзар ах эзар сом. Ши эзар цхьайттолгIачу шарахь и мах кхин а хьалаболу - итт эзар соьме. Кхин цхьа Iаткъам а бу наноша шайн берех дог лозуш, леткъош. Дешарца шайн берашна хуьлу ницкъ. Лоьраша бинчу талламаша гойту: юьхьанцарчу шерашкахь дуьйна дийнна классачуьра 3-4 бер бен ца доьду, могашалла ца телхаш, 11 класс а яьккхина, школера дIа. Буха дисссинчу берийн, лоьраша дийцарехь, психика мелла а тIеIиткъинчу халоно талхийна хуьлу.

Цунна бехке дешаран а, Iилманан а коьртехь болу хьаькамаш лору наноша, федералан стандарташ юкъаяхарна а, сахьташкахь тIехсов дешар дахдарна а.

Тоийта: «И сан кIант дешна ваьлла, со цунах Iаламат чIогIа йоккха еш ю.ХIунда аьлча, итт-цхьайтта шарахь цIена балехь дар-кх тхо. ХIора шарахь хуьйцуш тIедуху духарш а дара, цхьана шарахь цхьа бос, юха шарахь еха-йоца, хIора шарахь уггар лаххара а I200 сом. Дайшна-наношна уьш эца хала а ду. Книгаш ца тоьа. Масала, пхи бер чохь долчунна, тIахьа схьадогIучунна берана программа а ца мега, шолгIачу шарахь кхин программа хуьлу.

Школа ша цхьаъ яц шенна духар къастийнарг. Ду ур-атталла шен духар Оксфордан а, Кембриджан а университеташкахь а. Буьрканах ловзучийн а ду шайн духар. Венецехь дIайоьдучу карнавалан декъашхойн а ду шайн хатI. Нобелан преми луш, аьлча а, иза схьаоьцуш волу хьекъалча а ваха веза преми лучарна тIе тIедожийначу духарца, шатайпа кепехь.

Амма оцу массо а меттигашкахь а, хьелашкахь а ца лорийла дац, мел бале, ахчанца дуьстича, мел хала ду духар нисдан, тега, эца. Ткъа я йоллучу Оьрсийчохь а, я Нохчийчохь а цхьана а хьакамо ца хоьтту берашка, наношка, хIун таро ю церан школан духар вовшахтоха, мел дуу, ахча а доцуш, хьаькамийн сацамаш кхочушбан гIерташ цара шайн са.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG