ТIекхочийла долу линкаш

Лурвоьлла стаг чулачкъа а тарлуш...


Нохчийчоь -- Къоман билиотека, 25Мар2014

Нохчийчоь -- Къоман билиотека, 25Мар2014

Стохка бIаьста Нохчийчоьнан синбахамаллехь, дешарехь, Iилманехь боккха хилам хилира -Къоман библиотека схьаеллар. Амма яц иза махкана оьшуш а -...еса лаьтта.

Хетарехь, боккха кхаъ бара и книгашъешархошна а. Шуьйра, еха, пхоьазза тIекIелйина гIишло, ешаран йиъ зал, кхузткъа эзар гергга чохь жайна, тептар. Бахархошна тIеваха-ван аьтту а болуш , чохь сирла,паргIат, уьнах цIена гIишло – Къоман библиотека.

И лаьтта ша санна езачу, исбаьхьчу театран-концертан зална а, Къоман музейна а уллехь. Доккха маьIна ду - къоман театр, къоман музей, къоман библиотека хилар. Мотт, иэс, Iилма кхиор хуьлуш дац уьш ца хилча.

Делахь а, мел хIуъа дийцарх, ткъе итт - шовзткъа шо хьалха санна, ешаре, библиотекаш хьашт долуш бац таханлера кегийрхой. ТIаьххьарчу шерашкахь книгашца безам-уьйр йолу бераш кIеззиг хаало. Книгица долу гергарло мелла а ширделла вайн кегийрхойн.

Цуьнан бахьана хила тарло интернет, иза девзаш ду. Амма цхьана а интернето а, техникин гIирсаша а хуьйцур дац яздархочун синкхетамах, дагах чекхдаьлла, яздина дош, боху, Маршо Радиоца къамел хиллачу Соьлжа-ГIалийн вахархочо Iимрана.

Iимран: «Берийн керара телефон охьаюьллуш яц, компьютерш, телевизор, совнаха хIумнаша дIатеттиа книгаш ешар, цундела дог ца догIу церан книгаш еша».

Амма ешархойн лаамаш, хьашташ кхочушдан оьшу хьелаш-м дац библиотекехь. Чохь лаьтта тов, болх беш яц лифт. Мел доккха гIуллакх дерг а вогIур вац йовхоно доттуш долчу дийнахь пхоьалгIачу гIатте киншка еша, хIунда аьлча, харц-бакъ цу гIатте хьала ваьлча, бухахь яц чоьнаш шелъян киндиционер.

Нохчийн Къоман Библиотекехь, 25Мар2014

Нохчийн Къоман Библиотекехь, 25Мар2014

Библиотекехь йоцу таронех а, шена хетарехь Къоман библиотека муха хила еза а дийцира Маршо Радиона книгашешархочо Султана.

Султан: Библиотека ю, аьлла коробка хьалахIоттийна, цу чохь оьшуш долу цхьа тайпа хьал дац. Кондиционер яц, лифт яц, я вовшахтоьхна книгаш а яц. Со мосуьтозза хилла цу чохь, цхьаъ ешархо а вац цу чохь, наггахь кхочушверг воцург. Библиотекехь, стаг садаIа воьдуш санна,хаза хила дезаш ду цу чохь».

Карара шо Культурин шо аьлла дIакхайкхина ду. Къоман синбахам кхиорехьа, бахархойн книгашца долу гергарло керладаккха, чIагIдан хIокху шарахь Iалашо ю шайн аьлла, дIахьедира хьалхо лакхарчу хьаькмаша.

Амма шен къоман хьакъболу яздархой бевзаш боцчу кегийрхошна, оьший –те нохчийн исбаьхьаллин книгашца гергарло? И хаттар делира Маршо Радионо Соьлж-ГIалин урамашкахь дуьхьалкхеттачу берашка.

Кегийрхойн аьзнаш: «ТIаьххьара книга шо хьалха ешна ас, Толстойн «Война и мир». ...Ас со 6-чу классехь волуш ешна тIаьххьара книга. ХIинца сан 20 шо а ду. ...Суна кху цIа валлалц нохчинй мотт а ца хаьара, нохчинй яздархой ца бевза суна».

Наггахь бен чу стаг а ца вогIу Нохчийн Къоман билиотеке, 25Мар2014

Наггахь бен чу стаг а ца вогIу Нохчийн Къоман билиотеке, 25Мар2014

Цхьаболчу нохчийн меттан хьехархошна, шаьш берашна деккъа школин программина юкъахь дерг бен хьеха а ца деза, моьтту. Шен болх а, къоман гIиллакхаш а, истори а евзаш ,бакъволу хьехархо нохчийн яздархойн жайнеш, къоман барта кхолларалла къоначу чкъуре дIакхачо хьожу. Цундела, кегийрхойн исбаьххьалин литературе шовкъ ца хилар, уггаре хьалха, хьехархочун кхачамбацар хета, Радиоца къамел хиллачу Мохьмадана.

Мохьмад: «20-30 шо хьалха школехь хьехархочо бовзуьйтура къоман яздархой, церан жайнеш. Школехь марзйора нохчийн литература. Суна схьехетарехь, школехь цу агIор болх ледара бар хир ду-кх нохчийн литературана букъ тохар».

Нохчийн къоман библиотекехь кхачо йолуш яц къоман исбаьххьаллин литература. Масала, библиотекан белхахоша дийцарехь, массо а тептарел дукха хоьтту наха Айдамиров Абузарана «Ненан дог». Ткъа иза яц кхузахь еккъа цхьа кинжка бен. Цундела библиотеки чохь еша бен луш а яц.

Нохчийчохь йоккха типографи «ГIалин къинхьегамхо» цIе а йолуш, типографии ю. Цигахь зорба тухуш ду махкахь ара мел долу газет, журнал, киншка. 20I2-чу шарахь республикехь таллам бира: карарчу шарахь типографино нохчийн, оьрсийн маттахь а масса книга арахецна хьожуш. ЖамI ишта ду: нохчийн маттахь – I8, оьрсийн маттахь – 59.

Цул совнаха, Нохчийчохь арадолуш 19 газет ду, царех нохчийн маттахь арадолу цхьаъ ду – «Даймохк». 4 журнал ду, царех шиъ нохчийн маттахь.

И терахьаш хийца мел ца хуьйцу, Нохчийн къоман библиотекана чу са догIур дац, аьлла хетта нохчийн интеллигенцин декъана.

Хазалла ялла йоллучу, амма еса лаьттачу Къоман билиотеке кхаьчча дагаиккхира сунна хIара забар.

Цхьа гуьржи къовсавелла, бохуш дуьйцу, шен накъосташца, ша дIалечкъар а ву, шуна ша аш мел лехарх, карор а вац, аьлла. Накъосташа шина дийнахь-буса лехна, карош ца хилла къайлаваьлларг.

Ша царна карорг хиларх дог а диллина, ша гучуваьлла хилла иза. Накъостий инзарбевлла хилла, ван мукъна а мичахь вара хьо лечкъина, аьлла. Библиотекехь вара ша, аьлла,жоп делла хилла гIуьржийчо.

Хетарехь, лурвоьлларг а карор воцуш, лачкъа меттиг ю Нохчийчохь пхоьзза тIекIелдинчу Къоман библиотекехь, чу вогIуш стагга а воцуш.

XS
SM
MD
LG