ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркера закъалтхочух 6 миллион доллар дехна Исламан Пачхьалкхо


Шемахь закъалтана лаьцна латточу Iамеркера зудчух 6 миллион доллар ахча дехна Исламан пачхьалкх олучу тобано. Цунах лаьцна, закъалтхочуьнан доьзална тIе а тевжуш, хаам бина ABC телекомпанино. Цу зудчуьнан цIе юьйцуш яц, цуьнан доьзалан дехарца. Амма хууш ду цуьнан 26 шо хилар а, Шемахь иза гуманитарийн гIо доькъуш хилла хилар а, лар йоцуш иза стохка яйна хилар а.

ABC телекомпанино дийцарехь, Исламан пачхьалкх тобано цул сов дIахеца аьлла 2010-чу шарахь ОвхIанистанехь Iамеркийн Iедалан декъахошна тIелатар дина аьлла Цхьанатоьхначу Штаташкахь чуйоьллина йолу Пакистанан махкахо Сиддики Аафи. Цу зудчунна 86 шо тоьхна набахтехь даккха. Амма Сиддикин гергарнаш лууш бац цуьнан цIе Исламан пачхьалкх тобанерчу нахаца йоьзна хилийта.

XS
SM
MD
LG