ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерка йоцург курдашна герз дала дагахь ю кхин а 7 пачхьалкх


Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташ йоцург, кхин а 7 пачхьалкх дагахь ю Исламан пачхьалкх тобанна дуьхьал лаьттачу «пешмерга» цIе йолчу Иракъерчу курдийн тIеман тобанашна сихха герзаца гIо дан. Цунах лаьцна хаам бина Iамеркан тIеман министро ХIэйгел Чака. ГIо дан лаам болчу пачхьалкхашна юкъахь ю Албани а, Британи а, Канада а, Хорвати а, Дани а, Итали а, Франци а.

Шинарин дийнахь Иракъерчу курдийн автономин куьйгалхочо Барзани МасIуда дIахьедар дира, шайна духарца а, герзаца а ГIажарийчоьно гIо дина аьлла. Ирбилехь ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца цхьаьна хиллачу зорбанан конференцехь вист хуьлуш, Барзанис билгалдаьккхира ГIажарийчоь дуьхьарлера пачхьалкх хилар пешмерган тобанашна цу тайпа герз делларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG