ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн къам юьхьIаьржа хIиттадо Донбассе лестачара


Украина -- Донецкехь пачхьалкхан эскаршна дуьхьал лаьттачу сепаратистийн тоба, 25Мар2014

Украина -- Донецкехь пачхьалкхан эскаршна дуьхьал лаьттачу сепаратистийн тоба, 25Мар2014

ТIаьххьарчу деношкахь кеп-кепарчу хьостанашкахула яьржинчу видеоша а, аьзнаша а шеко ца юьту, Донбассе а кхаьчна, цигахь Украинан эскаршца тIемаш беш Оьрсийчуьра тIемалой а, эскаршкахь гIуллакхден кегийрхой а хиларх. Нохчий а бу царалахь дуккха а...

Тезеташ къайлаха-къулаха хIутту Нохчийчохь. Теркйистехь, масала, кIира хьалха цхьана дийнахь маьI-маьIехь хилира царех массийтта. Амма нахана дихкина уьш хIитто а. Украинехь белла кегийрхой балийна, я дакъа доцу тезет хилла дIогахь-кхузахь олий, хаам бо Маршо Радионе хийлачо, амма доьху шен аз дIа ца яздар, шегара официалехь тоьшалла ца дехар. Цундела тхан таро яц ишттачу хьостанех пайдаэца.

Ткъа тхоьца къамелаш дан хIуьттучара иштта дуьйцу. Ис стаг вагийна, дакъа дохийна я данне а доцуш, кеп хIоттош, каш дина, дIавоьлли махкахь бохуш дуьйцу къира хьалха Маршо Радиоца къамелаш диначара.

Интернетехула, масала, Ватс-аппехула, кхечу тешамечу хьостанашкара схьаэцна Маршо Радионо массех видеокийсик. Уьш ю Украинехь яьхна. Гойту цара нохчий Донбассехь, цигарчу террорхойн могIаршлахь дуккха а буйла.

Донбассехь лазийна, лаьцна Украинан эскархо ву кху видео чохь. Нохчийн мотт бу "толамхочо" буьйцург.

Муьлххачу а нохчочун кийра цIе юьллуш дош ду «зачистка». Шаьш зачистка дIахьош ду боху Донбассерчу цхьана юьртан урамашкахула, боьха хабарш а багахь, маса тоьпаш хьалха а яьхна, сиххачу боларахь хьаьлхина боьлхучара а. Церна хотIо дагалоцуьйту 1995 шарахь СемаьIашкахь, 100 стаг а вуьйш, оьрсаша хIоттийна «зачистка», я 2000-чу шарахь, 60 стаг а вуьйш, Аьлдахь эккхийтина къематде.

Путинал башха, къера вац ша Украинан маршо хьаша нах хьежош хиларна я Кадыров Рамзан а. Уьш бан-м бу цигахь, амма ша хьежийна бац, бохура цо денош хьалха.

ТIемаш беш яьхна видеош, цIерачу нахана хьалха дозаллаш деш, телефонашкахула дIа а кхоьхьуьйту Нохчийчуьрчу тIемалоша. Царех ю хIара а.

Ткъа телефонехула хIара къамел дийриг Нохчийчуьрчу шен хьакамна довзуьйтуш ву шен куьйга кIелхьарчу герзахошкара шийла хьал. Къамело гойту Нохчийчуьра Украине лелачу а, цигара богIучу а герзахошца бухарчу хьакамаша зIе латтош юйла.

Дуккха а бу Украинерчу оьрсийн сепаратистийн могIаршкахь нохчий тахана. ХIинццалц иза бакъ дац баьхна кхетамчохь болу нохчий ца тешийла дац тоъал яьржинчу информацех.

Нагахь санна, и бакъдерг нохчийн къоман сий дожош юьхьIаьржо хиларх уьш тешна белахь, бакъо яц церан шайн къовсам нийсонан хорша ца берзо а, Нохчийчоь керлачу баланех Iалашъярхьама, Донбассе лестачу нохчийн герзахойн юьхь ца яха а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG