ТIекхочийла долу линкаш

Озтюрк Энгин, туркойн актер - ГIоьрдаларчу нохчочун тIаьхье


Озтюрк Энгин - Нохчех схьаваьлла туркойн актер

Озтюрк Энгин - Нохчех схьаваьлла туркойн актер

Туркойчохь а, цул арахьа а гоьваьлла актер ву Оьзтюрк Энгин. Боккхачу тергамца хьоьжу нах иза чохь волчу филмашка дуккхаъчу мехкашкахь. Цо ша дийцарехь, иза схьаваьлла 150 шо хьалха Туркойчуьра дIабахначу нохчех. Шен дайша даймахкахь йитинчу юьртан цIе а йоху цо – ГIоьрдала.

«ХIун бехк бу Фатмагюлан?» (Ясаран Селим), «Чанаккалехь чекхболу некъ» (Кемал Мустафа). Уьш ду Озтюрка стохка а, лурчаха а дуьнено тIеэцначу сериалашкахь ловзийна васташ.

Кхушара Европехь а, Iаьрба мехкашкахь а, Оьрсийчохь а нах алсам хьожучех ю «Сийлахь тоьлла зама» сериал. Оцу чохь Шехзаде Селиман васт хIоттадо къоначу актера.

Озтюрк Энгин вина 1986-чу шарахь Истамулехь эскархочун доьзалехь. ХIонкарахь чекхъяккхина пачхьалкхан консерватори. Кино веана 2012чу шарахь театран факультет чекхъяккхича.

Нахана везавеллачу актерах лаьцна дуккха а хабарш лела Туркойчохь а, арахьа а. Цо ша иштта довзуьйту шех дерг: сан дай Кавказера схьабевлла, билггал аьлча, Нохчийчуьра, 19-чу бIешеран юккъехь баьхкина Туркойчу, Гоьрдала олучу меттера».

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG