ТIекхочийла долу линкаш

Ким Жонг Ун-ан миллионашца ведда Юн Тэй Йонг


«Чунан ильбо» Къилба Корейра газето бинчу хаамца, Къилбаседа Корейра Iедалан белхахо ведда цу пачхьалкхера, 5 миллион доллар а эцна. Цу стага урхалла деш хилла Къилбаседа Корейн лидеран Ким Жонг Ун-ан долахь долчу ахчанна.

И стаг ведда Оьрсийчу. Вуьйцург ву Iамерко санкцеш кхайкхийначу «Дайсонг банкехь» болх беш хилла Юн Тэй Йонг. Иза тIепаза вайна Къилбаседа Корейн дозанца йолчу Оьрсийчура Находка портехь, шеца 5 миллион доллар а долуш.

Газетана хетарехь, цо политикан тховкъело ехна хила мега Оьрсийчоьнан Iедалшка, ткъа Пхеньяно накъосталла дар дехна оьрсашка и стаг схьалохуш.

XS
SM
MD
LG