ТIекхочийла долу линкаш

2600 стаг вийна Украинин малхбалерчу тIамехь


Украинерчу тIеман конфликтехь 2600 гергга стаг вийна аьлла ду Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан керлачу рапорт тIехь. КIоршаме адамийн бакъонаш йохорна жоьпаллехь бу коьртачу декъана Оьрсийчоьнехьа болу сепаратисташ аьлла ду цу документана тIехь. Дуьненаюкъараллан экспертийн рапорт довзийтина ПIераскан дийнахь Женевехь а, Киевехь а.

Цу документана тIехь иштта дуьйцуш ду леррина операцехь дакъалоцучу Украинин эскархоша а адамийн бакъонаш талхош хилар. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаралло далочу терахьашца хIора дийнахь Украинин малхбалехь вуьйш ву юккъерчу барамехь 36 стаг. Эксперташна хетарехь, цуьнан бахьана ду тIемаш ярташна а, гIаланашна а уллехь боьлхуш хилар.

XS
SM
MD
LG