ТIекхочийла долу линкаш

Кхелана кечам бан алсамо хан еза Царнаевн адвокаташна


2013-чу шарахь Бостонерчу марафонехь бомба эккхийтинчу Царнаев ЖовхIарна тIехь кхел яр 2015-чу шеран ГIадужу-беттан 15-чу дене дIататтахьара аьлла, дехар дина цуьнан адвокаташа.

Цара чIагIдарехь, уьш лара ца бо кху шеран Лахьан-беттан 3-чу дийнахь хила езачу кхелана кечам бан. Нийсонца кхел ян шина а агIонан цхьатерра аьтто хила беза бохуш, яздо Царнаевн адвокаташа, шаьш ПIераскана дийнехь Бостонерчу кхеле дахьийтинчу дехарехь.

Кху беттан 27-чу дийнахь Нью-Йоркехь дIалаьцна Царнаев ЖовхIаран йиша Алина. Цунна бехке дуьллуш ду Нью-Йоркерчу яхархочунна кхерамаш тийсар. Царнаева Алинин гIуллакх луьстур долуш ду Гезгмашин-беттан 30-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG