ТIекхочийла долу линкаш

Луганскера аэропорт дIаяьккхина сепаратисташа


Iедалан эскарш юхадевлла Луганскерчу аэропортера, хаам бо Украинан тIеман министраллерчу хьостанаша. Сепаратистийн дуьхьало жигара яларца доьзна, йита езна цигара меттиг, аьлла даржийна пачхьалкхан тIеман векала Лысенко Андрейс. Цунна цо бехкейо Оьрсийчуьра кхаьчийна яккхийн тоьпаш а, уьш кхуьйсу ницкъаш а.

И дIахьедар цхьаьнадогIу хенаца Минскехь Оьрсийчоьнан, Украинан, иштта сепаратистийн кризис йийцаре ян лерина хиллачу цхьаьнакхетарца. Оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс, шен махко сатуьсу, бохура, Белорусин шахьарахь машаран некъ кароре. БIаьста дуьйна схьа лаьттачу тIемашкахь Украинехь кхелхина ларало 2600 стаг.

XS
SM
MD
LG