ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исламабад кхехка гIаттамехь


Исламабадера гIаттамхой пачхьалкхан телевизионна тIелетта оьршотдийнахь. Оццу сахьташкахь гуламхоша шега дарж дита бохуш волу Пакистанан премьер-министр Шариф Наваз цхьаьнакхетта мехкан эскарийн коьрта буьйранчица Шариф РахIелца. Гуламхоша дIалаьцна телевизион цаьргара мукъаяьккхина экаран дакъоша. Хаам барехь, дараш доцуш дирзина иза.

Массех кIира ду оппозиционераш Хан Iимран а, ул-Къадри ТIахIир а коьртехь волу гуламхой мехкан премьерна духьал гIевттина. Дахначу шоьтан дийнахь Шариф Навазан резиденци яккха гIоьртинчохь велира 3 стаг, бIеннашна чевнаш хилира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG