ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Исламадерчу гуламхой карчамхой бу боху


Исламабадехь гуламашка бевлла, мехкан Iедалан да Шариф Наваз даржера ваккха бохуш хьийзачу нахана дуьхьал пачхьалкхехь карчам бан гIортарна бехктакхам гIатторе кхойкху парламент Пакистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министра. Оцу декъа озон догIу оппозиционераш Хан Iела а, уль-Къадри ТIахир а, боху министра Низар Чаудхрис.

ГIаттамхоша дарж дита шега бахар ларам боцуш дуьту цкъачунна премьер-министр Шариф Наваза. Деношкахь тIелетта, цуьнан резиденци яккха гIоьртира гIаттамхой. Ханна долаерзийра пачхьалкхан телевизион. Амма юхабехира нах полицино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG