ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дай-наной долу ...бобераш


Нохчийн бераш
Нохчийн бераш

Бераша къена да я нана дlатосуш данне а дац Нохчийчохь, яц иштта бераш дай-наноша диттина меттигаш а, боху мехкан куьйгалхоша. Иза бакъдац. «Геронтологин хIусам» олу Соьлж-ГIалахь къаной дIаоьцучу цIийнах. Иштта, хууш ду бераллах терго ечу хьукматаша, дай-наношкара а даьхна, лардеш 447 бер хилар а.

Цхьана Iадатийн бухтIехь кхиина, шайн оьздачу гурашкахь схьадогIучу нохчийн къоман юкъараллехь боккха лазам хилла а ца Iаш, эшам бу – доьзалш дIасакъастар а, къаьстинчул тIаьхьа, берийн Iуналла ца дар а. Хьалха иза нислуш а дац, бохуш дуьйцура вайн дайша, наноша.

Ткъа хIинцца-м нисло. Нисло, къам шен оьздангаллин буха т1ера ма галдаьлла а хоьтуйьтуш дукха.

Тесна бер хааделча, уггаре хьалха ойлане дуссу: Нана, шен белшаштIера бере безам, и «беза мохь», охьа а биллина, шена аьтту лаха араяьлла-те кху беран, олий.

«Ялсамане ненан когаш кIелахь ю», бохуш еза юьйцучу нанас муха кхуссур ву шен доьзалхо жоьжагIатан цIерга?

Я нохчийн Ненах схьаяьлла, нохчийн Нанас кхиина яц-те и нана? Наной тай-тайпана хуьлу, бохуш дуьйцу Маршо Радиоца къамеле яьллачу Соьлжа-ГIаларчу яхархочо, шен а ши доьзалхо волчу Газиева Мадинас.

Дукха хьолахь, марехь аьтту боьхна, цIийндас бехк-гунахь доцуш араяьккхина, доьзалхо охьавиллина цIаеанчу ненан догу дог, цуьнан баланаш, ойланаш цхьаммо а тидаме ца лоцу. Цхьа а ца волу цунна орцах!

Хир ду иза тIаьххарчу хенахь зудче болу лерам а, зудчун мах мелла а охьабаьлла хиларца доьзна. Хила тарло кхин бахьанаш а. Цу хаттаршна жоьпаш дийхира Маршо Радионо доьзалан гIуллакхаш луьсташ йолчу адвокате Саралиева Заретига.

Адам цецдаллал инзаре ду бухуш болчу доьзалийн терахьаш. Цхьана а кепара бахьана а доцуш, зуда араяккхар а дихкина дац.

Бералла Iуьналла –тергонехь латтадечу урхаллан белхахочо Мадаев Адама шена девза бахьанаш дуьйцу, дегара-ненера бераш схьадахаран.

Нохчийн къоман иэсехь дуккха а халонаш, баланаш тIехIиттина нохчийн Нанна. Амма цу тIенисъеллачу халонех, харцонех, къизаллех шайн доьзалш ларбеш, церан дола а деш чекхбийлина нохчийн зударий.

Нохчийн хIусамашкахь, дукха хьолахь, баккхий доьзалаш хуьлу. ТIамехь хийла берийн да хIаллакьхилла, я доьза вайна, нанойн карахь дисина бераш. Церан могIарехь ю Веданахь еха Батукаева Марем. Бераш кегий долуш хало хиллехь а, хIинца Марем мел а аттачу яьлла, доьзал баккхий хилла, шайн доьзалш а болуш дIатарбелла беха.

Шен 33 шо долуш, цIинда оьрсийн эскарша дIавигина, тIепаза вайна цуьнан, карахь исс бер а дуьсуш. Амма цо уьш хьалакхиийна, х1умма а нехачел эшна а боцуш. Нохчашлахь дозалла ду иштта оьзда, доьналла долуш, хьуьнаре зударий хилар. Марема тIе ца дуьту доьзал дIатасар, мел халонаш дахарехь тIеIиттаяларх а.

Доьзал бохар, дуьне дохаран мехха ду. ХIунда аьлча, йоьлхуш нана гарал а совнаха, вайна го, Iуналла доцуш, меца-тиша лелаш бераш. Нохчийн хьалха, 50-70 шо хьалха доьзалан институт хила хIора хIусамехь, шайн кIант а, йоI а, доьзал кхолларна а, хила дезачу гIиллакхашна а Iамош. И хIума хIинца доьхна, доьзалан институт бохург. Иштта бу говзанчашкара хеза леткъамаш.

Цхьана агIор диллича, бехк буй-те кегийчийн а, хьалхара масалш луш баккхийнаш хилча. Дукха хан йоццуш, 20 шо сов хан шеца цхьаьна яьккхина доьзалан нана кIорда а йина, иза дIа а тесна, сила йолчу Оьрсийчоьнна хьалха къастаран сацам дIакхайкхийра президента Путин Владимира. Цуьнга хьаьжжина, дог ца доьхна хуьлийла дац Путинан шина йоьIан а.

…Зама хийцаелла олу. Зама ша ериг ю. Хьалха санна малх а кхета, ло а догIу, Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а. Хетарехь, хийцаделларш адамийн дегнаш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG