ТIекхочийла долу линкаш

Порошенкон а, Путинан а барт хилла...


Таллиннехь Iамеркан президента Обама Барака, Оьрсийчоьно йита езар ю ша Украинерчу тIеман декъахь яц бохуш лелаен моттаргIанаш, бохучу юкъанна Киев а, Москох а бийцаре беш яра Украинера тIом сацоран некъаш. Кхаарийдийнахь Украинан президента Порошенко Петрос дIахьедина, шина агIоно бартбина Донбассера конфликт машарца ерзоран хьокъехь, аьлла. Президентан Путин Владимиран пресс-секретара хаам бина, конфликт ерзош дан догIучун хьокъехь барт хилла, амма Оьрсийчоь конфликтан декъашхо лорийла дац, аьлла.

XS
SM
MD
LG